Стенах олу цхьанатайпанара меженаш


"Предложенин цхьанатайпанара меженаш, церан нийсаязъяр" (11 класс)

Технологическая карта

11

Предмет: нохчийн мотт

Урокан ц1е: Предложенин цхьанатайпара меженаш, церан нийсаязъяр.

Урокан тайпа: карладаккхаран урок

Урокан кеп: шаьш беш болу болх, тобанашкахь болх, кхоллараллин болх.

Урокан г1ирс: учебник, ручка, тетрадь, кехаташ

Хьехархо: Цалдаева Фариза Желиловна

УРОКАН НЕКЪ

Урокан 1алашонаш:

Предметни (1аморан): предложенин цхьанатайпанара меженаш 1амор

Метопредметни (кхиоран): дешархойн къамел кхиош, дешнашца болх бар Личностни (кхетош-кхиоран): 1аламе болу безам кхиор

Ша шен къастор

1.Урок д1аяхьар

Хьехархочун дош

Мотваци яр.

Маттах лаьцна дешархошна байт йоьшу.

Уьн т1ехь кегийна элпаш яздо, дешархоша уьш вовшахтаса деза

Дешархойн ойла т1еерзор.

2.Ц1ахь бина болх таллар

дешархоша кхочушйина упражнени толлу

Кхоллаелла ойланаш, синхаамаш бовзуьйту.

3. 1амийнарг карладаккхар

Предложенин цхьанатайпанара меженаш йовзийтар: цхьана дашах йозуш а, цхьана хаттарна жоп луш а йолу меженаш цхьанатайпанара меженаш хилар. Тамара а, Зина а, Хазбика а школе яхара. Бешан кертахь ц1ен а, сийна а, можа а зезагаш дара.

Предложенехь цхьанатайпанара подлежащеш, сказуемеш, кхачамаш, къастамаш, латтамаш хила тарлуш хиларх кхетам балар. Ненан маттахь цхьанатайпанара меженаш хуттургаш йолуш, йоцуш, хуттурган суффиксашций ала йиш хилар довзийтар, масала: Хьасан, Адам, Салман; Хьава а, Малика а; Хьавай, Тамарий.

4.Шайца кхеторан дешнаш долчу яьржинчу цхьанатайпанарчу меженех лаьцна кхетам балар.

Совхозан кемсаш чуерзоран балхахь къахьоьгуш университетан студенташ, хьехархойн, медицински училищийн дешархой бара.

5.Цхьанатайпанарчу подлежащешца сказуемино а, къастамо а бартбар довзийтар.

Цхьанатайпанара подлежащеш цхьаллин терахьехь хилахь, сказуемино цаьрца барт бо терахьехь а, классехь а:Со а, Хьасан а школе вахара. Асет а, Саду а, Зина а балха яхара.

Тайп-тайпанчу классашкахь долчу цхьаллин терахьан подлежащешца сказуемино барт бо цхьаллин терахьехь, ду классехъ: Салман а, Тамара а, Хьава а деша дахара. К1ант а, йо1 а школе ddxapa.

Маса, масех, масийтта бохучу дешнашца цхьаллин терахьехь, дукха, к1езиг, массо а, дерриге а бохучу дешнашца цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь х1отта тарло подлежащи: масех книга, масех къолам, масийтта ручка; массо а адам — массо а адамаш, дерриге а адам — дерриге а адамаш; массо а кор — массо а кораш.

Схьабуьйцу чулацам

4. 1амийнарг т1еч1аг1дар

1. п. 36

2.79-г1а упражнени кхочушъяр, тема ч1аг1ъяр.

6.Боьра, Пулозан боьранаш, лег1ана басе, сосакхийн кортош боху дешнаш довзийтар, д1аяздайтар.

Кеп: боьра (лощина) —шина aarlop басеш а йолуш, чутаь1на меттиг я тог1и; Пулозан боьранаш — Калаусан боьранаш; сосакхийн кортош — акхачу бежлойн, гезарийн кортош; лег1ана ~басе — 1ункар йоцу басе.

Т1едиллар кхочушдо..

5.Физминутка

Тахана вай карладоккхур ду к1иран денош.

Жоьпаш ло.

6.Жам1 до.

Вайн таханалера урокан ц1е муха яр?

Х1ун 1еми вайн?

Х1ун хаза хийтира шун тахана вайн урокехь?

Хаттаршна жоьпаш ло. Ойланаш, синхаамаш бовзуьйту хьехархочунна.

7.Дешархоша шаьш шайн белхан жам1 до.

5- со кхетта

4-дика ца кхетта

3-ца кхетта

8.Ц1ахь

§ 36, упражнени 80

infourok.ru

Предложенин цхьанатайпара меженаш, церан нийсаязъяр.

Класс: 11

Урокан ц1е: Предложенин цхьанатайпара меженаш, церан нийсаязъяр.

Урокан тайпа: карладаккхаран урок

Урокан кеп: шаьш беш болу болх, тобанашкахь болх, кхоллараллин болх.

Урокан г1ирс: учебник, ручка, тетрадь, кехаташ

Урокан 1алашонаш:

Предметни (1аморан): предложенин цхьанатайпанара меженаш 1амор

Метопредметни (кхиоран): дешархойн къамел кхиош, дешнашца болх бар Личностни (кхетош-кхиоран): 1аламе болу безам кхиор

1.Урок д1аяхьар

Мотиваци яр.

Доьзалехь бийцар а дастаме хеташ,

Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь.

«Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ», –

Бохуш, и сийсазбан ца хета эхь.

Схьахьажал цкъа соьга, «хьекъале корта»,

Схьахьажал, яккхий дIа лергара потт:

Йист йоцу хIорд санна, бу хьуна шорта

Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

(Арсанукаев Ш.)

Вайн мотт гIиллакхе а, оьзда а, мерза а хилар гойту вайна х1окху мог1анаша.

Шен мотт ца безачунна шен къам а дезар дац, мохк а безар бац. Цундела, сий а деш, ларам а беш, Iамо беза вайн нохчийн мотт.

2.Ц1ахь бина болх таллар

Дешархоша кхочушйина упражнени толлу

3. 1амийнарг карладаккхар

Предложенин цхьанатайпанара меженаш йовзийтар: цхьана дашах йозуш а, цхьана хаттарна жоп луш а йолу меженаш цхьанатайпанара меженаш хилар. Тамара а, Зина а, Хазбика а школе яхара. Бешан кертахь ц1ен а, сийна а, можа а зезагаш дара.

Предложенехь цхьанатайпанара подлежащеш, сказуемеш, кхачамаш, къастамаш, латтамаш хила тарлуш хиларх кхетам балар. Ненан маттахь цхьанатайпанара меженаш хуттургаш йолуш, йоцуш, хуттурган суффиксашций ала йиш хилар довзийтар, масала: Хьасан, Адам, Салман; Хьава а, Малика а; Хьавай, Тамарий.

4.Шайца кхеторан дешнаш долчу яьржинчу цхьанатайпанарчу меженех лаьцна кхетам балар.

Совхозан кемсаш чуерзоран балхахь къахьоьгуш университетан студенташ, хьехархойн, медицински училищийн дешархой бара.

5.Цхьанатайпанарчу подлежащешца сказуемино а, къастамо а бартбар довзийтар.

Цхьанатайпанара подлежащеш цхьаллин терахьехь хилахь, сказуемино цаьрца барт бо терахьехь а, классехь а:Со а, Хьа¬сан а школе вахара. Асет а, Саду а, Зина а балха яхара.

Тайп-тайпанчу классашкахь долчу цхьаллин терахьан подлежащешца сказуемино барт бо цхьаллин терахьехь, ду классехь: Салман а, Тамара а, Хьава а деша дахара. К1ант а, йо1 а школе даxapa.

Маса, масех, масийтта бохучу дешнашца цхьаллин терахьехь, дукха, к1езиг, массо а, дерриге а бохучу дешнашца цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь х1отта тарло подлежащи: масех книга, масех къолам, масийтта ручка; массо а адам — массо а адамаш, дерриге а адам — дерриге а адамаш; массо а кор — массо а кораш.

4. 1амийнарг т1еч1аг1дар

1. п.40

2.79-г1а упражнени кхочушъяр, тема ч1аг1ъяр.

6.Боьра, Пулозан боьранаш, лег1ана басе, сосакхийн кор¬тош боху дешнаш довзийтар, д1аяздайтар.

Кеп: боьра (лощина) —шина aarlop басеш а йолуш, чутаь1на меттиг я тог1и; Пулозан боьранаш — Калаусан боьранаш; сосакхийн кортош — акхачу бежлойн, гезарийн кортош; лег1ана басе — 1ункар йоцу басе

5.Жам1 до.

Вайн таханалера урокан ц1е муха яр?

Х1ун 1еми вайн?

Х1ун хаза хийтира шун тахана вайн урокехь?

8.Ц1ахь

§ 40, упражнени 80

infourok.ru

Тесты по чеченскому языку 8 кл.

Нохчийн меттан тесташ / 8 кл./

  1. Дешнийн цхьаьнакхетар олу:

а) уьйрашца вовшахкхеттачу дешнех;+

б) духь-дуьхьал маьIна долчу дешнех;

в) гергара орам болчу дешнех.

  1. Орфографи … олу.

а) сацаран хьаьркаш нийса хIитторан бакъонех;

б) дешнийн нийсаяздаран бакъонех;+

в) аьзнаш Iаморан бакъонех.

  1. Орфографин … тайпа ду.

а) 5;

б) 2;

в) 4.+

  1. Карара уьйр кхаа кепара хуьлу:

а) логически, лексически, грамматически;

б) бартбар, урхалла, тIетовжар;+

в) юьхьан, юьхьза, цIеран.

  1. Предложенин коьрта меженаш … ю.

а) лач кхачам, къастам, латтам;

б) орам, суффикс, чаккхе;

в) подлежащи, сказуеми, нийса кхачам+.

  1. Подлежащи хиларан … некъ бу.

а) 3;

б) 5;

в) 8.+

  1. Сказуемеш хуьлу …

а) хандешан цхьалхе, цIеран хIоттаман, хандешан хIоттаман+;

б) гайтаран, къастаман, къастамза;

в) чолхе, цхьалхе, хIоттаман.

  1. Предложенин коьртаза меженаш ю…

а) дештIаьхье, хуттург, дакъалг;

б) лард, суффикс, чаккхе;

в) лач кхачам, къастам, латтам+.

  1. Латтамийн тайпа … ду.

а) 9;

б) 7;+

в) 5.

10. ХIара дешнаш хенан латтамаш бу:

а) меллаша, дIаиккхина, ницкъ ма-ббу;

б) уьйтIахь, ломахь, стигалахь;

в) сарахь, жимчохь дуьйна, сахиллалц.+

11. Предложенехь латтам билгалбаккха…

Чехкачу махо буьрса лаьхкира стиглара мархаш.

12. ХIара дешнаш нийса сехьадаьхна:

а) цам-отта-рна, лаа-маз-а;

б) ду-кха-ве-зар-на, са-тоьх-на;+

в) та-лла-рхоч-уь-нца, бо-шма-шкахь.

13. Караде гIалат:

а) ца безам, ца магар;+

б) доттагIалла, марнана;

в) дешархо, нурседа.

14. Хуттургаш … хуьлу.

а) лааме, лаамаза;

б) берта, бертаза;

в) цхьаьнакхетаран, карара.+

  1. Билгалдаха коьрта къамелан дакъош.

а) цIердош, билгалдош, хандош;+

б) орам, суффикс, чаккхе;

в) хуттург, дештIаьхье, дакъалг, айдардош.

  1. Цхьалхе предложенеш … хуьлу.

а) цхьанахIоттаман, шинахIоттаман;+

б) коьрта а, тIетуху а;

в) гайтаран, къастаман.

  1. Билгалдаха цхьалхечу предложенийн тайпанаш.

а) Бешлелорхоша стоьмаш чуберзийра. (юьхьан предложени)

б) Кхана сарахь со волчу волахьа. (билгала-юьхьан предложени)

в) Гурахь ялта чудерзадо. (билгалза-юьхьан предложени)

  1. Цхьанатайпанара меженаш … олу.

а) гергара маьIна долчу дешнех;

б) алар а, яздар а цхьатерра долчу дешнех;

в) вовшашна юкъахь цхьаьнакхетаран уьйр йолчу дешнех.+

  1. Къастамаш хуьлу…

а) цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а;+

б) буьззина а, буьззина боцу а;

в) грамматически а, логически а.

20. Латтамийн дурсаш хуьлу…

а) бараман, бахьанин;

б) хенан, меттиган;+

в) даран суьртан, Iалашонан.

  1. Предложенин шакъаьстина меженаш хуьлу…

а) кхачам, къастам,

б) подлежащи, сказуеми;

в) латтам, юххедиллар.+

  1. Билгалдаха тIеэцна дешнаш:

а) доьзал, рицкъа, латта;

б) стол, ведар, школа;+

в) гIант, кирхьа, нус.

  1. Шен маьIне хьаьжжина подлежащи хуьлу…

а) долахь, юкъара;

б) грамматически, логически;+

в) лексически, омонимически.

  1. Хандашах предложенехь … хуьлу.

а) лач кхачам;

б) латтам;

в) сказуеми.+

  1. Дацаран дакъалг ца цIердешнашца … яздо.

а) къаьстина;

б) цхьаьна;+

в) наггахь къаьстина.

  1. Караде гIалат.

а) тапаьлла, хIайтаьлла;+

б) ца веанера, ма гIолахь;

в) ловзура, доьшура.

  1. Дешхьалхе орамах къаьстина язйо нагахь цу юккъе … нислахь.

а) айдардош;

б) а, ца, ма;+

в) хуттург.

  1. ХIокху дешнашна юккъехь караде масдарш:

а) вада, кхалла, тIелаца;

б) хаза, говза, буьрса;

в) хаар, дешар, хьехар.+

  1. Куцдашо …гойту.

а) хIуманан билгало;

б) хIуманан масалла я рогIалла;

в) хIуманан дар я хиларан тайп-тайпана билгалонаш.+

  1. ЦIерметдешнийн маса тайпа ду?

а) 12;

б) 10;+

в) 8.

  1. Те, техьа, теша боху хуттургаш муьлхачу тайпанан ю?

а) Дацаран;

б) Хаттаран;+

в) ЧIагIдаран.

infourok.ru

Урок по чеченскому языку на тему. 2Куцдешнийн тайпанаш"

Нохчийн метан урок

7-г1а класс

Тема: Куцдешнийн тайпанаш. Смысловые группы наречий.

( интегрированни урок)

1алашо: нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь куцдешнийн тайпанаш довзийтар, цара мублхачу хаттаршна жоп ло, х1ун гойту хаийтар, предметашна юкъара уьйр гайтар, къамел кхиор , кхетош-кхиор.

Т1ехьажаман г1ирс: таблицаш, нохчийн а, оьрсийн а метан а, литературин учебникаш, методически пособеш.

Урок д1аяхьар

  1. Хьехархочун дош

– Т1екхечи, дешархой, вайн рог1ера нохчийн метан урок. Вайн таханалерачу урокехь куцдешнийн тайпанаш нохчийн а, оьрсийна меттанашкахь 1амор ду. Хьовсур дув ай царна юкъахь башхаллаш юйла…

  1. Уьн т1ера предложенеш д1аязйо, билгалдоху куцдешнаш.

Стиглахь лепа дашо седарчий.

Селхана г1ала ваханера со сайн деца.

Дешархьама оьху тхо школе.

Оьрсийн мате гочъе и предложенеш.

В небе сияют золотые звезды.

Я со своим отцом ездил в город.

Мы ходили в школу чтобы учиться.

  1. 1амийнарг карладаккхар

Даран я хиларан тайп-тайпана билгалонаш гойтучу къамелан декъах куцдош олу. Цо жоп ло муха? маца? Мичахь? Мел? Х1ун 1алашо йолуш? Х1унда? Бохучу хаттаршна.Куцдешнаш уьйр хандашца ю…

- Ткъа оьрсийн маттахь стенах олу куцдош?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло ца?

-Предложенехь муьлха меже хуьлий лела?

Наречие-это часть речи которая обозначает признак действия предмета и отвечает на вопросы как? где? в какой степени? зачем? с какой целью? и др. В предложении наречия связаны со сказуемыми и чаще всего бывают обстоятельствами…

  1. Уьн т1ехь болх байтар. Гочдар

Нохчийн маттахь Куцдешнийн тайпанаш Оьрсийн маттахь

1уьйранна хенан-времени утром

хьуьнхахь меттиган-места в лесу

жима бараман-меры немножко

меллаша мухаллин-образа действия медленно

ловзархьама 1алашонан-цели чтобы поиграть

  1. Керла тема йовзийтар

Цхъа хьалхара нохчийн маттахь юьйцу тема, т1аккха оьрсийн маттахь.

- Нохчийн маттахь куцдешнийн ворх1 тайпа ду: хенан, меттиган, бараман, бахьанин , 1алашонан, юкъаметтигаллин. Х1ора тайпанчу куцдешнийн шайн-шайн хаттарш а ду. Хенан куцдешнаша жоп ло маца? мацале? маццалц? маца дуьйна? Бохучу хаттаршна. Меттиган куцдешнаша жоп ло мича? стенга? мичара? мичхьахула? бохучу хаттаршна. Иштта массо а тайпанан ду шайн хаттарш …

- По значению наречия делятся на две группы: обстоятельственные и определительные. Обстоятельственные наречия обозначают образ действия, время, место, причину, цель (идти пешком, идти вечером, идти туда и т.д.)

- Х1инца вай хьалхенгахь яздинчу куцдешнийн тайпанаш билгал а дохуш, уьш юкъа а далош, предложенеш х1иттор ю вай.

- Берашна хьуьнхахь ча гира.

-Артур ловзархьама со волчу веара.

- Новкъахула меллаша вог1ура воккха стаг.

-Цундела ца лаьа сунна хьоьца доттаг1алла леладан.

Х1инца и предложенеш оьрсийн мате гочйийр ю вай.

- В лесу ребята увидели медведя.

-Артур пришел ко мне, чтобы поиграть.

-Медленно шел старик по дороге.

-Поэтому я не хочу с тобой дружить.

Т1едиллар:

а) Билгалдаха куцдешнийн тайпанаш шина а маттарчу предложенешкахь.

б) Еша 35-г1а § нохчийн метан учебник т1ера, 33-г1а § оьрсийн метан учебник т1ера, хьовса шаьш ца кхеташ х1умма а диснийла.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

а) кхочушдо 205-г1а шардар (1-ра обзац), билгалдоху куцдешнийн тайпанаш;

б) кхогчушдо 208-г1а шардар оьрсийн метан учебник т1ера, наречин тайпанаш билгалдоху.

Т1едиллар:

-205-г1а шардар т1ера кийсак муьлхачу произведении юкъара ю?

( «Еха буьйсанаш» романан дакъа «Мух1ажарш»)

- Мила ву цуьнан автор?( Айдамиров Абузар)

- Х1ун хьа шуна автор лаьцна? ( Доцца дуьйцу цуьнан дахарх а, кхолларалахь а лаьцна)

- Упражнение 208 отрывок, из какого произведения?

- Расскажите, что вы знаете о нем?

  1. Къамел кхиор, дешархой кхетош-кхиор.

Нохчийн г1иллакх-оьздангаллах долу кхоъ кица даладо:

- Оьздачу стага шен ц1ахь а, хьошалг1ахь волуш санна, юу х1ума.

-Дикачу г1иллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина.

-Воккхахволчунна хьо жимах вацахь, жимахчунна воккхах а хир вац хьо.

( Кицанийн маь1наш досту, д1аяздо дешархоша шайна хетарехь)

8. Урокан жам1 дар.

- Стенах олу куцдош?

-Маса тайпа ду куцдешан?

-Что такое наречие?

-На какие группы делятся наречия?

-Уьйр юй нохчийн а, оьрсийн а меттанашна а, литературашна а юкъехь?

-Х1ун керланиг девзи шуна таханлерчу урокехь?

9. Рефлекси яр.

10. Ц1ахь бан болх балар.

33-35 § бакъонаш 1амае;

208,209 шардарш юкъара куцдешнаш схьаязде, билгалдаха церан тайпанаш.

infourok.ru

Чеченский язык в 9 классе. " Чолхе предложени"

9-г1а класс

1-ра урок

1. Нохчийн маттахь предложенин коьрта меже ю:

-: цхьаъ;

-: кхоъ;

+: шиъ;

-: йиъ.

2. Предложенин коьртаза меженаш ю:

+: кхачам, къастам, латтам;

-: юххедиллар, т1едерзар;

-: масдар, причасти, деепричастии;

-: нийса кхачам, лач кхачам, инфинитив.

3. Подлежащи:

-: предложенин коьртаза меже ю;

-: ц1ерниг дожарехь лаьтта предложенин коьрта меже ю;

-: мила? х1ун? бохучу хаттаршна жоп лун коьрта меже ю;

+: предложенехь шех лаьцна дуьйцу коьрта меже ю.

4. Сказуеми:

+: подлежащих лаьцна дуьйцуш йолу подлежащин дар я хилар гойту коьрта меже ю;

-: дар я хилар гойту коьрта меже ю;

-: подлежащин дар я хилар шена т1едоьрзу коьрта меже ю;

-: х1ун до? х1ун дира? бохучу хаттаршна жоп луш йолу коьрта меже ю.

5. Подлежащи хуьлу:

-: цхьанакепара;

+: шинакепара;

-: кхаакепара;

-: деакепара.

6. Грамматически подлежащи:

-: дийриг дожарехь долу подлежащи ду;

+: ц1ерниг дожарехь долу подлежащи ду

-: лург дожарехь долу подлежащи ду

-: меттигниг дожарехь долу подлежащи ду

7. Логически подлежащи:

-: мила? х1ун? хаттаршна жоп луш дерг ду

-: ц1ерниг дожарехь нислучург ду

+: дийриг, лург, меттигниг дожаршкахь маь1ница нислуш дерг ду

-: лач дожаршна жоп луш дерг ду

2-г1а урок

1. Юьхьан предложении:

-: шена чохь подлежащи бен, кхин коьрта меже йоцург ю;

+: шена чохь подлежащи а, сказуеми а дерг ю;

-: коьрта а, коьртаза а меженаш шена чохь ерг ю;

-: сказуеми бен, шена чохь коьрта меже йоцург ю.

2. Билгалза-юьхьан предложени:

-: шеца подлежащи доцуш, хила йиш йоцург ю;

-: коьртаза меженаш шена чохь йоцург ю;

+: шена чохь подлежащи а доцуш, сказуемино формица я маь1ница иза билгалдеш ерг ю;

-: юьхь билгал ца еш йолу предложени ю.

3. Юкъара-юьхьан предложени:

-: юьхь билгал ца еш йолу предложени ю;

-: дар кхочушдийриг мила ву къаьсташ доцу предложени ю;

-: шена чохь сказуеми Бен, коьрта меже йоцу предложени ю;

+: шена чохь подлежащи а доцуш, юкъарчу маь1ница иза дало тарлун предложени ю.

4. Юьхьза предложени:

+: подлежащи а доцуш, хила оьшуш а йоцу предложени ю;

-: шена чохь коьртаза меженаш хила йиш йоцу предложени ю;

-: шена чохь сказуеми хила йиш йоцу предложени ю;

-: подлежащи бен, кхин коьрта меже шена чохь йоцу предложени ю.

5. Ц1еран предложени:

-: х1уманан ц1е бен ца йоккху предложени ю;

+: шена чохь подлежащи бен, кхин коьрта меже йоцу предложени ю;

-: шена чохь подлежащи доцу предложени ю;

-: шена чохь сказуеми доцу предложени ю.

3-г1а урок

1.Предложенин цхьанатайпанара меженаш олу:

+: цхьана хаттарна жоп а луш, цхьана дашах йозуш йолчу меженах;

-: муьлххачу а хаттарна жоп лучу предложенин меженах;

-: муьлххачу хаттарна жоп луш, масех дашах йозуш йолчу меженах;

-: ц1ерниг дожаран хаттарна жоп лучу предлженин меженах.

2. Цхьанатайпанара къастамаш шена чохь болу предложени ю:

-: Д1айижинчу юьртахь маь1-маь11ехь чиркхийн серлонаш гора.

-: Лаьмнашна т1е бижира гуьйренан шийла малх, 1индаг1аш дахделира.

-: Лекхачу ламанехьара схьаевлира дог1анна язъелла мархаш.

+: Арахь лаьтташ ткъевне, 1аьржа буьйса яра.

3. Цхьанатайпанара меженаш шена чохь йолу предложени ю:

-: Д1айижинчу юьртахь маь1-маь11ехь чиркхийн серлонаш гора.

-: Лаьмнашна т1е бижира гуьйренан шийла малх, 1индаг1аш дахделира.

-: Лекхачу ламанехьара схьаевлира дог1анна язъелла мархаш.

+: Хеда, Хьава, Селима хьехархойн институте деша яхара.

4. Муьлхачу предложенешкахь нийса билгалъяьхна коьрта меженаш:

-: Гурахь дитташ т1ера г1аш доьлху мажлой охьа.

+: Соьлжа – г1алара хьаша веанера тхоьга.

-: Асфальтан некъаш дехкина Веданан к1оштахь.

-: Ч1ог1а кор тохарца самаваьккхира к1анта да.

4-г1а урок

1. Чолхе предложени:

-: коьрта меженаш шена чохь ерг ю;

-: цхьалхечу предложенехь долчул алсам дешнаш дерг ю;

+: шина я масех цхьалхечу предложенех лаьтташ ерг ю;

-: маь1ница йозаеллачу предложенех лаьтташ ерг ю.

2. Чолхе предложенеш хуьлу:

+: чолхе-цхьаьнакхетта, чолхе карара, хуттургаш йоцу чолхе;

-: цхьанах1оттаман, шинах1оттаман, чолхе-цхьаьнакхетта;

-: чолхе яьржина а, яржаза а, ийна а;

-: шена чохь коьрта меженаш йоцуш.

3. Чолхечу предложенина чуйог1у цхьалхенаш вовшахъхоттало:

-: интонацица, дакъалгашца;

+: эшарца, хуттургашца, хуттурган дешнашца;

-: хаттаршца, хуттургашца;

-: хуттурган дешнашца, интонацица.

4. Чолхе предложени ю

-: Даккхий хилча а, шен бераш бераллера ца довлу.

+: Тоххарехь аьхкенан каникулаш юьйлаелла, амма Яха а, Хадишт а мукъа яц.

-: Екхна еана 1уьйре.

-: Ма хаза къегаш ду ламанца бецан тхи!

5-г1а урок

1. Чолхе-цхьанакхетта предложени-иза

-: коьрта меженаш шена чохь ерг ю;

-: цхьалхечу предложенехь долчул алсам дешнаш дерг ю;

+: шина я масех цхьалхечу предложенех лаьтташ ерг ю;

-: маь1ница йозаеллачу предложенех лаьтташ ерг ю.

2. Чолхе – цхьаьнакхеттачу предложени юкъайог1у предложенеш вовшех къастайо:

+: запятойца;

-: шит1адам билларца;

-: тире йилларца;

-: хуттурган дешнашца.

3. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкахь цхьалхенаш вовшахтосу:

-: интонацица, хуттурган дешнашца;

-: маь1ница, интонацица;

+: дозаран, дуьхьалара, къасторан хуттургашца;

-: дакъалгашца, интонацица.

4. Пунктуационни г1алат ду предложенехь:

-: Амма иза, шуна ма моьтту, осалчех вац.

-: Доцца аьлча, экзамен дика д1аелира ас.

+: Элбек ахь 1амийний нохчийн меттан урок?

-: Доцца аьлча а, кхетар ю со.

6-г1а урок

1. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкахь цхьалхенаш вовшахтосу:

-: интонацица, хуттурган дешнашца;

-: маь1ница, интонацица;

+: дозаран, дуьхьалара, къасторан хуттургашца;

-: дакъалгашца, интонацица.

2. Къасторан хуттург ю х1окху предложенехь

-: Луьстачу хьуьна юккъехь самукъане дара.

-: Сан нана бедарш тоьгуш ю.

+: Я хьо вола тхуна т1е, я тхо д1адог1у.

-: Дикачу стагана х1умма а кхоо эшац.

3. Дуьхьалара хуттург яц х1окху предложенехь

-: Нах охана дина бевлла, ткъа тхо х1инца а дуьйла ца делла.

-: Йо1 могуш юйла хиира цунна, делахь а сапарг1ат яцара нана.

-: Йочане денош лаьттара арахь, амма шийла-м яцара.

+: Амма цхьана а х1уманах хьо кхера оьшуш дац.

4. Дозаран хуттург ю х1окху предложенехь

-: Луьстачу хьуьна юккъехь самукъане дара.

+: Ас цуьнга ала а элира, цо соьга ла адуьйг1ира.

-: Я хьо вола тхуна т1е, я тхо д1адог1у.

-: Дикачу стагана х1умма а кхоо эшац.

7-г1а урок

1. Чолхе- карарчу предложенин коьрта ши билгало ю:

-: шиннал сов предложених лаьтташ хилар, интонаци хилар;

-: карара хуттург, дакъалг хилар;

-: хуттурган дешнаш, коьрта меженаш хилар;

+: карара хуттург я хуттурган дош хилар, сказуеми муьлххачу а цхьана саттамехь хилар.

2. Т1етуху предложенеш екъало тобанашка:

+: кхачаман, къастаман, латтамийн;

-: цхьанах1оттаман, шинах1оттаман, ийна;

-: хуттургаш йолу а, йоцу а, кхечуьнга йовлу а,ца йовлу а;

-:шинах1оттаман, цхьаьнакхетаран, къастаман.

3. Т1етухучу предложенешца хуьлу х1ара хуттургаш:

-:амма, ткъа, бакъду;

+:х1унда аьлча, нагахь санна(нагахь), бохуш, аьлла;

-: я;

-: а.

4. Муьлхачу аларца реза хила мегар ду:

-: т1етуху предложени даима коьртачунна хьалха лаьтта;

+: т1етуху предложени даима коьртачух йозуш хуьлу;

-: хуттургаш а. хуттургийн дешнаш а предложенийн меженаш хуьлий лела;

-: коьртачу предложенехь юкъаметтигаллин дешнаш хуьлу: мила, х1ун, муьлха, маца, х1унда и кхин д1а а.

8-г1а урок

1. Чолхе-карара предложени-иза

-: цхьа предложени вукхунах йозушший, кхетошший ерг ю;

-: цхьалхечу предложенехь долчул алсам дешнаш дерг ю;

-: шина я масех цхьалхечу предложенех лаьтташ ерг ю;

-: маь1ница йозаеллачу предложенех лаьтташ ерг ю.

2. Чолхе-карарчу предложенехь коьртаниг ю:

+: т1етуху предложени шех йозуш а, цо кхетош а ерг;

-: цхьана я масех дашах лаьтташ ерг;

-: шена чохь коьрта меженаш бен йоцург;

-: шеца хуттургаш ерг.

3. Т1етуху предложенеш екъало тобанашка:

+: кхачаман, къастаман, латтамийн;

-: цхьанах1оттаман, шинах1оттаман, ийна;

-: хуттургаш йолу а, йоцу а, кхечуьнга йовлу а,ца йовлу а;

-:шинах1оттаман, цхьаьнакхетаран, къастаман.

4. Д1акъастае коьртачу предложенех т1етухурш, х1итто еззачу сацаран хьаьркаш а х1иттош:

-: Х1ара х1ун зама ю цхьанне а ца хаьара.

-:Хьуна х1ун лаьа хаийтахьа тхоьга.

-:Цу белхан чаккхе муха хир ю хууш цхьа а вацара.

-:Цхьанна а ца хаьара шаьш муьлхачу юьрта кхаьчна.

9-г1а урок

1. Кхачаман т1етухучу предложенийн коьрта башхалла ю:

-: коьртачу предложенера ц1ердош цо билгалдеш хилар;

+: коьртачу предложени чохь долу дешнийн цхьаьнакхетар (хандош я хандешан форма) цо кхетош хилар;

-: муха? муьлха? бохучу хаттаршна цо жоп луш хилар;

-: коьртачу предложенехь дуьйцург цо кхетош хилар.

2.Тетуху предложенеш екъало:

+: кхаа тобане;

-: шина тобане;

-: еа тобане;

-: пхеа тобане.

3. Кхачаман т1етуху предложени хуьлу:

-: муха? муьлха? х1ун? бохучу хаттаршна жоп луш;

-: маца? мичахь? муха? бохучу хаттаршна жоп луш;

-: хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп луш;

+: ц1ерниг дожаран хаттарна жоп луш.

4. Кхачаман т1етуху предложени ю:

+: Хезна суна, хьо тхо долчу хьошалг1а ван дагахь ву бохуш.

-: Дас доцца жоп делира, йо1 шена луъучу деша йохуьйтур ю ша аьлла.

-: Суна хьехарш дора Хадишта.

-: Луьстачу хьуьна юккъехь самукъане дара.

10-г1а урок

1. Къастаман т1етухучу предложенийн коьрта башхалла ю:

-: коьртачу предложенера хандош цо кхетош хилар;

-: коьртачу предложени чохь дуьйцуш долчун кеп цо гойтуш хилар;

+: коьртачу предложенера ц1ердош я цуьнан маь1нехь долу кхин дош цо билгалдар;

-: коьртачу предложенехь дуьйцург цо ч1аг1деш хилар.

2. Къастаман т1етуху предложени хуьлу:

+: муха? муьлха? х1ун? бохучу хаттаршна жоп луш;

-: маца? мичахь? муха? бохучу хаттаршна жоп луш;

-: хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп луш;

-: ц1ерниг дожаран хаттарна жоп луш.

3. Къастаман т1етуху предложени ю:

-: 1елина ца хаьара, ша т1еваьлла гу мел лекха бу.

-: Ахь сема ладог1а ас дечу къамеле.

+: Соьга дехарш дора цомгашчо, дарба дан молханаш да бохуш.

-: 1уьйранна хаза деана де т1аьхьо кхоьлира.

4. Т1етуху предложенеш екъало тобанашка

+: кхачаман, къастаман, латтамийн

-: цхьанах1оттаман, шинах1оттаман, ийна

-: хуттургаш йолу а, йоцу а, кхечуьнга йовлу а,ца йовлу а.

-:шинах1оттаман, цхьаьнакхетаран, къастаман

11-г1а урок

1. Латтамийн т1етухучу предложенийн кепаш ю:

-: меттиган, бараман, дуьхьалара, хенан, т1едожоран;

-: хаттаран, шеконан, ч1аг1даран, хьадаран, дийцаран;

-: юстаран, ч1аг1даран, бехкаман, хаттаран, хенана;

+: хенан, даран суьртан, бахьанин, 1алашонан, бехкаман.

2. Кхачаман т1етуху предложени хуьлу:

-: муха? муьлха? х1ун? бохучу хаттаршна жоп луш;

-: маца? мичахь? муха? бохучу хаттаршна жоп луш;

-: хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп луш;

+: ц1ерниг дожаран хаттарна жоп луш.

3. Къастаман т1етуху предложени хуьлу:

+: муха? муьлха? х1ун? бохучу хаттаршна жоп луш;

-: маца? мичахь? муха? бохучу хаттаршна жоп луш;

-: хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп луш;

-: ц1ерниг дожаран хаттарна жоп луш.

4. Латтаман т1етуху предложени ю:

-: Соьга дехарш дора цомгашчо, дарба дан молханаш да бохуш.

-: Ас цуьнга ала а элира, цо соьга ла адуьйг1ира.

-: Хезна суна, хьо тхо долчу хьошалг1а ван дагахь ву бохуш.

+: 1айшат кест-кеста юьрта йоьду, х1унда аьлча цигахь 1аш цуьнан гергара нах бу.

12-г1а урок

1. Даран суьртан т1етуху предложени-иза

-: коьртачу предложени чохь дуьйцург куьцехь вовшахтоьхна предложени ю;

-: коьртачу предложении чохь долчун сурт гойту предложени ю;

+: коьртачу предложени чохь дуьйцуш долчун сурт, кеп гойтуш йолу предложени ю;

коьртачу предложени чохь долчун дар гойтуш йолу предложени ю.

2. Даран суьртан т1етуху предложени коьртачух д1ахутту хуттургаша:

+:бохуш, аьлла;

-: х1унда, аьлча;

-: делахь, бакъду;

-: амма, ткъа.

3. Латтамийн т1етухучу предложенийн кепаш ю:

-: меттиган, бараман, дуьхьалара, хенан, т1едожоран;

-: хаттаран, шеконан, ч1аг1даран, хьадаран, дийцаран;

-: юстаран, ч1аг1даран, бехкаман, хаттаран, хенана;

+: хенан, даран суьртан, бахьанин, 1алашонан, бехкаман.

4. Даран суьтан т1етуху предложени ю:

-: Хезна суна, хьо тхо долчу хьошалг1а ван дагахь ву бохуш.

-: Дас доцца жоп делира, йо1 шена луъучу деша йохуьйтур ю ша аьлла.

-: Йо1а дуьхьало йина боху, г1ур яц ша цуьнга аьлла.

+: Зарган Шелахь а юьйцура, кхиамаш бохуш, г1араяьлла дика белхало ю бохуш.

13-г1а урок

1.Бахьанин т1етуху предложенино жоп ло хаттаршна:

-:муха? мича кепара? маца?

-:хьаьнга? хьаьнца? стенга?

+:х1унда? х1ун бахьана долуш? мича бахьанина?

-: маца? муьлха? стенна?

2.Бахьанин т1етуху предложенеш коьртачарах д1ахутту хуттургаша:

+:х1унда аьлча, бохуш, аьлла;

-х1етте а, аьлла, бакъду;

-а, я, делахь а;

-амма, х1етте а, цундела.

3.Бахьанин т1етуху предложени ю:

-:Ас дийцира, садовш лома жа1уй болчу со муха кхечира.

+:Мохьмад массарна а вевзара, дечу г1уллакхана каде ву бохуш.

-:Баймарзас, меллаша вахана, божалан не1 д1айиллира.

-:Нагахь санна аш иштта соьца г1иллакх лоцу-кх, шуьца г1иллакх лаца а хуур ду суна.

4.Кху педложенехь т1етухург коьртачунна юккъехь ю:

-:Хезна суна, Кавказ хазачу 1аламан мохк бу бохуш.

-:Т1аккха дийцира цо, и г1алат муха нисдан деза.

-:Ерриге а шен бедарш яшийна аьлла, дагадеара цунна.

+:Тхуна , хьоьга и болх балур бу аьлла, хета.

14-г1а урок

1.1алашонан т1етуху предложени олу коьртачу предложени чохь дуьйцуш долчун

-: сурт, кеп гойтучух;

-:бахьана гойтучух;

+:1алашо гойтучух;

-:меттиг гойтучух.

2.1алашонан т1етуху предложении коьртачух д1ахутту хуттургаша:

-:х1етте а, амма;

-:бакъду, делахь а;

-:х1унда аьлча, цундела;

+:бохуш, аьлла.

3.1алашонан т1етуху предложени ю:

-:Йоза ца хаьа аьлла, со школе д1а ца ийцира-кх деша.

+:Денна уьш болчу лестара нана, к1антах лаьцна хабар дац те бохуш.

-:Йочанан махо идо дарц санна, расхачу дино чехка вадийра и Адин Сурхо.

-:Дархочуьнга х1умма а ца элира лоьро, х1унда аьлча бакъдолчо цатам бан тарлора цунна.

4.Т1етуху предложенеш хуьлу:

-:цхьалхе, чолхе, х1оттаман;

-:дийцаран, айдаран, хаттаран;

+:кхачаман, къастаман, латтаман;

-:юьхьан, юьззина, ц1еран.

15 –г1а урок

1.Бехкаман т1етуху предложени коьртачух д1ахутту хуттургаша:

-:х1етте а, амма;

+:нагахь, нагахь санна;

-:х1унда аьлча, цундела;

-:бохуш, делахь а.

2.Чолхе предложенеш хуьлу:

+:чолхе-карара, чолхе хуттургаш йоцуш, чолхе-цхьаьнакхетта;

-:юьхьан, юьззина, ц1еран;

-:т1етуху, коьрта;

-:дийцаран, хаттаран, айдаран.

3.Бехкаман т1етуху предложени ю:

-:Массо а садолчу х1уманна ирс, доккхадер дохьуш йог1у б1аьсте.

-:1аламо цхьацуьрг къайла ца доккхуш, озабезамаш ца беш, комаьрша схьакхийдадо шеен токхе рицкъа.

+:Нагахь ахьа аьлларг ца до-кх, со хьуна оьг1азг1ур ву.

-:Хазаниг хаза дац, хазделларг хаза ду.

16-г1 урок

1. Хуттургаш йоцу чолхе предложени олу:

-:цхьалхе предложених;

+:хуттургаш а, хуттургийн дешнаш а доцуш еккъа цхьана эшарца цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложенех лаьттачу чолхечу предложених;

-:шинах1оттаман яьржинчу предложених;

-:билгалза-юьхьан предложених.

2.Хуттургаш йоцу чолхе предложени ю:

-:Аьхка Баба йолучу юьрта сада1а яхийтира со нанас.

+:Юьрта тхо д1акхочуш серлаяла йолаелира, къаста дуьйладелира дитташ а, ц1енош а.

-:Мохьмад массарна а вевзара, дечу г1уллакхана каде ву бохуш.

-:Арахь ловзучу берийн г1овг1анаш яра хезаш.

3.Суна моьттура 1уьйрре уьш новкъабевлла. Х1окху хуттургаш йоцчу чолхечу предложенера цхьалхе предложени

-:бехкаман маь1нехь ю;

-:бахьанин маь1нехь ю;

+:кхачаман маь1нехь ю;

-:къастаман маь1нехь ю.

4.Чолхе предложенеш хуьлу:

-:дийцаран, хаттаран, айдаран;

-:яьржина, яржаза, шинах1оттаман;

-:бехкаман, бахьанин, 1алашонан;

+:чолхе- цхьаьнакхетта, чолхе- карара, хуттургаш йоцу.

17-г1а урок

1.Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкара цхьалхечу предложенийн маь1на

-:цхьана тайпана хуьлу;

-:къастаман, латтаман хуьлу;

+:тайп-тайпана хуьлу;

-:къастаман хуьлу.

2.Хуттургаш йоцу чолхе предложени олу:

-:цхьаьнах1оттаман предложених;

+:хуттургаш а, хуттургийн дешнаш а доцуш, еккъа цхьана эшарца цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложенех лаьттачу чолхечу предложених;

-:яьржинчу предложених;

-:билгала-юьхьан предложених.

3.Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь цхьалхечу предложенешна юккъе запятойца т1адам х1оттабо

+:уьш вовшех к1езиг йозуш а, ч1ог1а яьржина а ,кхачаме маь1на долуш а елахь;

-:церан вовшашца уьйр елахь;

-:уьш яьржина елахь;

-:уьш яржаза елахь.

4.Т1етуху предложенеш хуьлу:

-:цхьалхе, чолхе, х1оттаман;

-:дийцаран, айдаран, хаттаран;

+:кхачаман, къастаман, латтаман;

-:юьхьан, юьззина, ц1еран.

18-г1а урок

1.Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкара цхьалхечу предложенийн маь1на

-:цхьана тайпана хуьлу;

-:къастаман, латтаман хуьлу;

+:тайп-тайпана хуьлу;

-:къастаман хуьлу.

2.Сихлой хьо – дерриг а дицлур ду хьуна. Х1окху чолхечу предложенина чуйог1у цхьалхениг

-:хенан маь1нехь ю;

-:нийсачу кхачаман маь1нехь ю;

+:бехкаман маь1нехь ю;

-:1алашонан маь1нехь ю.

3.Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкара цхьалхе предложенеш хенан, бехкаман, дуьхьлара, т1аьхьалонан маь1нийн елахь, царна юккъе

-:шит1адам буьллу;

-:запятой юьллу;

+:тире юьллу;

-:запятойца т1адам буьллу.

4.Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкара цхьалхе предложенеш дукха яьржина а яцахь, церан вовшашца ч1ог1а уьйр елахь , царна юккъе

-:тире юьллу;

+:запятой юьллу;

-:запятойца т1адам буьллу;

-:шит1адам буьллу;

19-г1а урок

1.Ма-дарра къамел олу:

-:шина стага дечу къамелах;

-:хийцинчу формехь далочу къамелах;

+:хийца а ца хуьйцуш, далочу нехан къамелах;

-:барта дечу къамелах.

2.Лач къамел олу:

-:барта дечу къамелах.

+:хийцинчу формехь далочу нехан къамелах;

-:хийца а ца хуьйцуш, далочу нехан къамелах;

-:шина стага дечу къамелах;

3.Авторан дешнаш юьххьехь хилахь, царна т1ехьа, ма-дарра къамелана хьалха

-:тире юьллу;

-:запятой юьллу;

-:запятой, тире юьллу;

+:шит1адам буьллу.

4.Авторан дешнаш ма-дарра къамелана юккъехь нислахь, иза шина а аг1ор

-:кавычкашца къастадо;

+:запятойшций, тирешций къастадо;

-:тирешца къастадо;

-:шит1адамца къастадо.

20-г1а урок

1.Ма-дарра къамел лач къамеле дерзош, шайн яххьаш хуьйцу:

+:яххьийн а, дерзоран а, доладерзоран а ц1ерметдешнаша;

-:гайтаран ц1ерметдешнаша;

-:къастаман ц1ерметдешнаша;

-: къастамза ц1ерметдешнаша.

2.Цитата олу:

-:чолхечу предложенехь т1етухучу предложених;

+:тайп-тайпанчу авторийн сочиненешна т1ера ма-дарра далочу дакъойх;

-:барта дечу къамелах.

-:хийцинчу формехь далочу нехан къамелах;

3. Ма-дарра къамел-иза

-: хийцинчу формехь далош долу нехан къамел ду;

-: цитаташ юкъа а ялош, ден къамел ду;

+: хийццане а ца хуьйцуш, ма-дарра далош долу къамел ду;

-: лач дешнаш шайца долу къамел ду.

infourok.ru

"Айдардешнаш, церан нийсаяздар. Дешнаш-предложенеш х1аъ,х1ан-х1а" (11 класс)

Технологическая карта

11

Предмет: нохчийн мотт

Урокан ц1е: Айдардешнаш, церан нийсаяздар.Дешнаш-предложенеш х1аъ,х1ан-х1а

Урокан тайпа: довзийтаран урок

Урокан кеп: шаьш беш болу болх, тобанашкахь болх, кхоллараллин болх.

Урокан г1ирс: учебник, ручка, тетрадь, кехаташ

Хьехархо: Цалдаева Фариза Желиловна

УРОКАН НЕКЪ

Урокан 1алашонаш:

Предметни (1аморан): Хаа деза, муьлхачу дашах олу айдардош, х1ун маь1на ду цуьнан.

Метопредметни (кхиоран): Муьлхачу интонацица билгалдоккху айдардош.

Личностни (кхетош-кхиоран): 1аламе болу безам алсамбаккхар

Ша шен къастор

1.Урок д1аяхьар

Хьехархочун дош

Мотваци яр.

Уьн т1ехь элпаш яздо, дешархоша урокан ц1е ала еза.

Дешархойн ойла т1еерзор.

2.Ц1ахь бина болх таллар

Г1алаташна т1ехь болх.

Кхоллаелла ойланаш, синхаамаш бовзуьйту.

3. Керла коьчал йовзийтар

Д1аязъе диалог.

- Жимма къайлах-м ду, делахь а дуьйцур ас. Шепелев сайна тоьъарг вевза моьтту суна. Суо а цуьнан куьйгаллин к1ел вог1у сурт а х1оттийна, шу сайх схьатухуьйтур ду ас.

  • Г1уллакх хирий теша?

  • Хила мега. Т1аккха-м гойтур дара вай французашна!

  • Дара те! - ч1аг1дира Чеченскийс. (/.Гайсултанов)

Диалогехь х1иттийначу сацаран хьаьркийн бакъонаш йийца.

- Билгалдаьхначу дешнийн лексически маь1на дийца. Куьйгаллин боху дош муха кхолладелла? Муьлха къамелан дакъа ду иза?

синтаксически къастам. Т1еэцна дош дуй кхузахь? Йийца оьрсийн маттера т1еэцначу дешнийн нийсаяздаран бакъонаш.

Лахдо - лахдина, арайоккху - араяьккхина, малхавоккху - малхаваьккхина, самсайоккху - самсаяьккхина, айаделла, стамделла, жимделла, 1аржло, сенло, мажло, вохло, шелло, алало, вахало, махбало, кхехкало, доьшуьйту - дешийтина, сихвойту - сихвайтина, д1айоьйту, д1аейтина, товойту - товайтина, малало - маладелла, вахало - вахавелла, къахьло - къахьделла.

  • Шайн х1оттаме хьаьжжина, муьлха хандешнаш ду аш яздинарш? Маса кеп хуьлу чолхе хандешнийн? Дийца, муьлха бакъонаш хаа еза, уын нийсаяздаран?

5. Керла коьчал йовзийтар.

Комментированни яздар.

а) Эх1, ма хаза дара бешахь!

б) Вари-варийлахь, айхьа дийриг кхачам боллуш делахь!

б) Гап-гип аьлла г1овг1а елира арахь.

г) Маржа-я1,ма ца 1ий-кх хьо хьайна и ца хилча!

д) Вададай! Зуда ялош бог1урш схьаккхечи, ткъа вай-м дац кийча!

  • И предложенеш д1айолош долу дешнаш вай 1амийначу къамелан дакъошна юкъахь дарий?

  • Предложенехь х1уманан я г1уллаккхан хаадалар тайп-тайпана маь1нехь хилар билгалдой оцу дешнаша?

  • Интонацица ешал лакхахь язйина предложенеш. Муха олу вай и дешнаш? Аз хийцалой уьш олуш? Хазахетар, халахетар, цецвалар, ларвалар, азтардар я кхидолу маь1на дуй цара билгалдеш?

  • Х1уманан я г1уллакхан хаадалар хазахетарца, инзарваларца,кхайкхарца билгалдечу дешнех айдардош олу аьлча иза нийса хир дарий? Х1ун эр дара аша айдардашах? Даладе масалш.

Айдардош бохучу дашна гергара дешнаш язде.

Схьабуьйцу чулацам

4. 1амийнарг т1еч1аг1дар

Кхочушдо шардар.

Т1едиллар кхочушдо..

5.Физминутка

Тахана вай карладоккхур ду нийса а, т1едеана а маь1на долу дешнаш.

Жоьпаш ло.

6.Жам1 до.

5- со кхетта

4-дика ца кхетта

3-ца кхетта

Хаттаршна жоьпаш ло..

7.Дешархоша шаьш шайн белхан жам1 до.

1амае 43-44-г1а §.

Кхочушде 99-г1а шардар

infourok.ru

Тесты для 8 класса

Нохчийн меттан тесташ /5 кл./

  1. Маса элп ду нохчийн алфавитехь?

а) 33; б) 39; в) 49+.

  1. Маса дожар ду нохчийн маттахь?

а) 4; б) 6; в) 8+;

  1. Дешан дакъош ду…

а) ц1ердош, билгалдош, хандош, б) орам, суффикс, дешхьалхе+;

в) латтам, кхачам, къастам;

  1. Ц1ердашо гойту…

а) х1уманан билгало; б) х1уманан дар я хилар; в) х1ума+.

  1. Шиъ шалха элп хьалха - т1аьхьа йозанехь нисделча…

а) шиъ шалха элп д1аяздо; б) хьалхарчун шолг1а элп ца яздо+;

в) шолг1ачун шfлха элп ца яздо.

  1. Синтаксисо 1амадо…

а) къамелан дакъош; б) предложенин меженаш;

в) дешнийн цхьаьнакхетаршший, предложенешший+;

  1. Предложенеш хуьлу…

а) дийцаран, хаттаран, айдаран+; б) гайтаран, къастаман, къастамза;

в) цхьанатайпанара, цхьанатайпанара йоцу.

  1. Предложенин коьрта меженаш ю…

а) орам, суффикс, чаккхе; б) подлежащи. сказуеми, нийса кхачам+.

в) лач кхачам, къастам, латтам;

  1. Къастамо жоп ло х1окху хаттаршна…

а) мила? х1ун? муьлш? б) х1ун дина? х1ун до? х1ун дийр ду?

в) муха? муьлха? хьенан? стенан+?

  1. Хандашах предложенехь хуьлу…

а) подлежащи; б) сказуеми+; в) латтам;

  1. Яьржина предложени олу…

а) коьрта а, коьртаза меженаш шеца йолчух.; б) еккъа коьртачу меженех лаьттачух+;

в) шена чохь хаттар долчух;

  1. Билгалъяха предложенешкара цхьанатайпанара меженаш.

а) Тетрадаш, къоламаш, ручканаш, учебникаш – шортта дешаран г1ирсаш ийцира Аслана.

б) Хьуьнхахь деха тайп - тайпана акхарой: цхьогалаш, берзалой, черчий, пхьагалаш.

  1. Цхьанатайпанарчу меженашца х1ара хуттургаш хуьлу…

а) а, амма, ткъа+; б) нагахь, нагахь санна; в) аьлла, бохуш;

  1. Дожаршца легаде х1ара дешнаш:

Ц1. дешархо урок дешар журнал ког____

Дл.___________________________________________________________________________

Л.____________________________________________________________________________

Др.___________________________________________________________________________

К.____________________________________________________________________________

Х.____________________________________________________________________________

М.___________________________________________________________________________

Дс.___________________________________________________________________________

  1. Билгалдаха предложенешкахь юкъара дешнаш.

Кегийнаш, баккхийнаш, зударий, божарий – дуккха а нах бара майдана гулбелла.

Оха тхайн кертахь кхиабо тайп - тайпана стоьмаш: 1ежаш, кхораш, туьркаш, хьечаш.

  1. Лексика олу…

а) цхьанатайпанарчу меженех; б) меттан дерриге дешнех+;

в) цхьалхечу предложенех;

  1. Дакъалг ца ц1ердашца муха яздо?

а) къаьстина; б) цхьаьна а, къаьстина а; в) даиман цхьаьна+;

  1. Зевне а, къора а мукъаза маса элп ду нохчийн алфавитехь?

а) 13+; б) 15; в) 17;

  1. Мукъа аз а, элп а маса ду?

а) 7 аз, 5 элп; б) 9 аз, 6 элп+; в) 6 аз, 9 элп.

  1. Ц1ердешнийн кхолладаларан некъ маса бу?

а) 3; б) 9; в) 5+.

21. Х1ара дешнаш схьадевлла ду…

а) юьртахо, 1илманах, вешица+; б) йо1, п1елг, компьютер;

в) ц1а, некъ, беш.

22. Ц1ердош преложенин меже... хуьлий лела.

а) латтам; б) къастам; в) подлежащи+.

23. Хандашо … гойту.

а) х1уманан билгало; б) дар я хилар+; в) дешнийн уьйр.

24. Ц1ердешнийн маса легар ду?

а) 1; б) 3; в) 4+.

25. Хуттургаш хуьлу…

а) берта, бертаза; б) коьрта, коьртаза; в) цхьаьнакхетаран, карара+.

Нохчийн меттан тесташ /6 кл./

ТЕСТ 1. Нохчийн меттан алфавитехь … элп ду.

а) 33; б) 45; в) 49+.

ТЕСТ 2. Нохчийн меттан дожар … ду.

а) 8+; б) 6; в) 10.

ТЕСТ 3. Нохчийн маттахь къора мукъаза … аз ду.

а) 14; б) 13+; в) 17.

ТЕСТ 4. Нохчийн маттахь зевне мукъаза аз … ду.

а) 10; б) 19; в) 13+.

ТЕСТ 5. Билгалъяха омонимаш, синонимаш, антонимаш:

а) серло, бода, дика, вон, машар, т1ом _________________________

б) доттаг1, накъост, говр, дин _______________________

в) м1ара, мотт, ц1е ________________________

ТЕСТ 6. Къамелан дакъа … ду.

а) 5; б) 10+; в) 8.

ТЕСТ 7. Ц1ердашо … гойту.

а) мухалла; б) х1ума+; в) барам.

ТЕСТ 8 . Ц1ердош преложенин меже... хуьлий лела.

а) латтам; б) къастам; в) подлежащи+.

ТЕСТ 9. Ц1ердешнийн класс … ю.

а) 3+; б) 5; в) 1.

ТЕСТ 10. Билгалдешнаш хуьлу…

а) берта, бертаза; б) долахь, юкъара;

в) мухаллин, доладерзоран, юкъаметтигаллин+.

ТЕСТ 11. Лаамазчух лааме билгалдош кхоллало … суффиксийн г1оьнца.

а) – рг, - рш; б) – ахь, - ехь; в) – иг, - ниг+.

ТЕСТ 12. Мухаллин билгалдешнийн даржаш ду…

а) юьхьан, юьхьза, юкъара; б) логически, грамматически.

в) юьхьанцара, дустаран, т1ехдаларан+.

ТЕСТ 13. Терахьдош къамелан дакъа ду. Цо … гойту.

а) масалла я рог1алла+; б) х1уманан билгало; в) дар я хилар.

ТЕСТ 14. Диъ-диъ, кхоъ - кхоъ, пхиппа терахьдешнийн тайпа ... ду.

а) масаллин; б) рог1аллин; в) декъаран+.

ТЕСТ 15. Лааме а, лаамаза а терахьдешнех предложенин меже … хуьлу.

а) подлежащи, кхачам, къастам+; б) латтам, сказуеми;

в) берта а, бертаза а къастам.

ТЕСТ 16. Ц1ерметдош муьлхачу къамелан дакъойн метта лела?

а) хуттурган, дакъалган, айдардешан; б) ц1ердешан, билгалдешан, терахьдешан+;

в) хандешан, куцдешан, дешт1аьхьенийн.

ТЕСТ 17. Ц1ерметдешнийн … тайпа ду.

а) 6; б) 8; в) 10.+

ТЕСТ 18. Яххьийн ц1ерметдешнаш лела … юьхьехь.

а) 5; б) 1; в) 3..

ТЕСТ 20. Лахарчу ц1ерметдешнех дацаран ц1ерметдешнаш билгалдаха:

а) со, вай, уьш; б) церан, сан, шун; в) цхьа а, аддам а, х1умма а+.

ТЕСТ 21. Хандашо … гойту.

а) х1уманан билгало; б) дар я хилар+; в) дешнийн уьйр.

ТЕСТ 22. Хандешан билгалзачу кепан хаттарш ду …

а) х1ун дира? х1ун хилира?; б) х1ун дийр ду? х1ун хир ду?;

в) х1ун дан? х1ун хила+?

ТЕСТ 23. Х1ара предложенеш синтаксически талла:

а) Ас тахана урокаш ца 1амийна. б) Оха селхана диктант язйира.

в) Корах арахьоьжуш лаьттара Рустам.

ТЕСТ 24. Дешан дакъош ду …

а) ц1ердош, билгалдош, хандош; б) орам, дешхьалхе, суффикс, чаккхе, лард+;

в) ц1ерметдош, терахьдош, куцдош.

ТЕСТ 25. Х1окху предложенехь т1едерзар ду…

а) Ахмедхан ц1ахь вацара. б) Ломахь самукъане хуьлу.

в) Макка, хьо селхана школехь ярий.?

ТЕСТ 26. Х1ара дешнаш схьадевлла ду…

а) юьртахо, 1илманах, вешица+; б) йо1, п1елг, компьютер;

в) ц1а, некъ, беш.

ТЕСТ 27. Терахьдешнаш хуьлу…

а) мухаллин, доладерзоран, юкъаметтигаллин;

б) цхьалхе, чолхе, х1оттаман+; в) гайтаран, хаттаран, дацаран.

ТЕСТ 28. Ц1ердешнийн маса легар ду?

а) 1; б) 3; в) 4+.

ТЕСТ 29. Ц1ердешнийн кхийолчу х1уманийн класс маса кепе екъало?

а) 3; б) 4+; в) 6.

ТЕСТ 30. Ц1ердешнийн дукхаллин терахьан чаккхенаш билгальяха…

а) -рш, -рг, -р, -иг, -ниг; б) –ан, -ман, -аран; в) –ш, -аш, -наш, -маш+.

Нохчийн меттан тесташ /7 кл./

ТЕСТ 1. Хандош къамелан дакъа ду. Цо …гойту.

а) х1уманан билгало; б) масалла я рог1алла; в) дар я хилар+.

ТЕСТ 2. Хандешан спряжени … ю.

а) 8; б) 5; в) 6+.

ТЕСТ 3. Хандешан саттам …бу.

а) 2; б) 9; в) 4+.

ТЕСТ 4. Лааран саттаман суффиксаш … ю.

а) - хь,- ахь; б) - иг,- ниг; в) - йла, - лда+.

ТЕСТ 5. Хандешан хаттаран кепаш кхоллало ... т1екхетарца:

а) суффикс - й, - ий+; б) дешхьалхе - чу,- т1е; в) суффикс – р, - рш.

ТЕСТ 6. Маса кепара хуьлу хандешнаш?

а) 3; б) 4+; в) 5.

ТЕСТ 7. Дацаран дакъалг ца, ма хандашна хьалха хилча … яздо.

а) цхьаьна; б) къаьстина+; в) наггахь цхьаьна.

ТЕСТ 8. Хандешнийн латтамийн кепаш хуьлу… тайпана.

а) хенан, меттиган, 1алашонан, бехкаман+; б) берта, бертаза;

в) грамматмчески, логически.

ТЕСТ 9. Причастица муьлхачу къамелан дакъойн билгалонаш хуьлу?

а) ц1ердешан, терахьдешан; б) билгалдешан, ц1ерметдешан;

в) билгалдешан, хандешан+.

ТЕСТ 10. Причасти йоьрзу….

а) ц1ердешнашка, билгалдешнашка+; б) терахьдешнашка, куцдешнашка;

в) ц1ерметдешнашка, хандешнашка.

ТЕСТ 11. Х1ун ю деепричасти?

а) предложенин меже; б) къамелан дакъа; в) хийцалуш йоцу хандешан форма+.

ТЕСТ 12. Масдар олу…

а) хандашах хиллачу ц1ердашах+; б) г1уллакхан къамелан декъах;

в) предложенин тайпанех.

ТЕСТ 13. Масдарх предложенехь …хуьлу.

а) латтам, къастам; б) подлежащи, х1оттаман сказуеми+;

в) нийса кхачам, лач кхачам.

ТЕСТ 14. Куцдашо …гойту.

а) дар я хилар; б) масалла, рог1алла;

в) даран я хиларан тайп-тайпана билгалонаш+.

ТЕСТ 15. Куцдешнийн … тайпа ду.

а) 5; б) 9; в) 7+.

ТЕСТ 16. Куцдешнийн 3 дарж ду.

а) юьхьанцара, дустаран, т1ехдаларан+; б) цхьалхе, чолхе, х1оттаман;

в) къастаман, къастамза, дацаран.

ТЕСТ 17. Дацаран дакъалг ца куцдешнашца … яздо.

а) къаьстина; б) цхьаьна а, къаьстина а; в) цхьаьна+.

ТЕСТ 18. Дешт1аьхье стенах олу?

а) дешан декъах; б) г1уллакхан къамелан декъах+;

в) предложенин меженах.

ТЕСТ 19. Дешт1аьхьенийн тайпанаш ду:

а) юьхьан, юьхьза, билгалза - юьхьан; б) подлежащи, сказуеми, нийса кхачам;

в) хенан, меттиган, даран суьртан, 1алашонан, юкъаметтигаллин+.

ТЕСТ 20. Хуттургаш хуьлу…

а) берта, бертаза; б) коьрта, коьртаза; в) цхьаьнакхетаран, карара+.

ТЕСТ 21. Карарчу хуттургийн тайпанаш ду…

а) дозаран, дуьхьлара, къасторан; б) яххьийн, ц1еран, айдаран.

в) бахьанин, бехкаман, дустаран, кхеторан+.

ТЕСТ 22. Синтаксически къастам бе предложенешна:

а) Сарахь доладелира мела дог1а. б) Сан дедас со ч1ог1а хьоьстура.

в) Гуьйренан мохо лестадора г1аш.

ТЕСТ 23. Дешх1оттаман къастам бе дешнашна:

дешархо, хьолада, бешлелорхо.

ТЕСТ 24. Дешнашна я предложенешна дакъалгаша ло …

а) керла маь1на; б) тайп-тайпана маь1на+; в) лексически маь1на.

ТЕСТ 25. Дакъалгийн тайпа … ду.

а) 3; б) 7; в) 8+.

ТЕСТ 26. Айдардош … ду:

а) г1уллакхан къамелан дакъа+; б) коьрта къамелан дакъа;

в) предложенин коьртаза меже.

ТЕСТ 27. Нохчийн меттан дожар …ду:

а) 3; б) 6; в) 8+.

ТЕСТ 28. Дешан х1оттаман дакъош ду:

а) подлежащи, сказуеми, нийса кхачам; б) кхачам, къастам, латтам.

в) дешхьалхе, орам, суффикс, лард, чаккхе+.

ТЕСТ 29. Нохчийн меттан алфавитехь … элп ду:

а) 36; б) 45; в) 49+.

ТЕСТ 30. Шуьйрачу новкъа меллаша йог1ура машен. Х1окху предложенехь меллаша боху дош …

а) къастам бу; б) латтам бу+; в) кхачам бу.

Нохчийн меттан тесташ / 8 кл./

ТЕСТ 1. Дешнийн цхьаьнакхетар …олу.

а) уьйрашца вовшахкхеттачу дешнех+; б) духь-дуьхьал маь1на долчу дешнех;

в) гергара орам болчу дешнех.

ТЕСТ 2. Орфографи …олу.

а) сацаран хьаьркаш нийса х1иттор бакъонех;

б) дешнийн нийсаяздаран бакъонех+; в) аьзнаш 1аморан бакъонех.

ТЕСТ 3. Орфографи … тайпа ду.

а) 5; б) 2; в) 4+.

ТЕСТ 4. Карара уьйр кхаа кепара хуьлу:

а) логически, лексически, грамматически;

б) бартбар, урхалла, т1етовжар+; в) юьхьан, юьхьза, ц1еран.

ТЕСТ 5. Предложенин коьрта меженаш … ю.

а) лач кхачам, къастам, латтам; б) орам, суффикс, чаккхе;

в) подлежащи, сказуеми, нийса кхачам+.

ТЕСТ 6. Подлежащи хиларан … некъ бу.

а) 3; б) 5; в) 8+.

ТЕСТ 7. Сказуемеш хуьлу …

а) хандешан цхьалхе, ц1еран х1оттаман, хандешан х1оттаман+;

б) гайтаран, къастаман, къастамза; в) чолхе, цхьалхе, х1оттаман.

ТЕСТ 8. Предложенин коьртаза меженаш ю…

а) дешт1аьхье, хуттург, дакъалг; б) лард, суффикс, чаккхе;

в) лач кхачам, къастам, латам+.

ТЕСТ 9. Латтамийн тайпа … ду.

а) 9; б) 7+; в) 5.

ТЕСТ 10. Х1ара дешнаш хенан латтамаш бу:

а) меллаша, д1аиккхина, ницкъ ма-ббу; б) уьйт1ахь, ломахь, стиглахь;

в) сарахь, жимчохь дуьйна, сахиллалц+.

ТЕСТ 11. Предложенехь латтам билгалбаккха…

Чехкачу махо буьрса лаьхкира стиглара мархаш.

ТЕСТ 12. Х1ара дешнаш нийса сехьадаьхна:

а) цам-отта-рна, лаа-маз-а; б) ду-кха-ве-зар-на, са-тоьх-на+.;

в) та-лла-рхоч-уь-нца, бо-шма-шкахь.

ТЕСТ 13. Караде г1алат:

а) ца безам, ца магар+; б) доттаг1алла, марнана; в) дешархо, нурседа.

ТЕСТ 14. Хуттургаш хуьлу…

а) лааме, лаамаза; б) берта, бертаза; в) цхьаьнакхетаран, карара+.

ТЕСТ 15. Билгалдаха коьртаза къамелан дакъош.

а) ц1ердош, билгалдош, хандош+; б) ц1ерметдош, терахьдош, куцдош.

в) хуттург, дешгт1аьхье, дакъалг, айдардош;

ТЕСТ 16. Цхьалхе предложенеш хуьлу…

а) цхьанах1оттаман, шинах1оттаман+;

б) коьрта а, т1етуху а; в) гайтаран, къастаман.

ТЕСТ 17. Билгалдаха цхьалхечу предложенийн тайпанаш.

а) Бешлелорхоша стоьмаш чуберзийра. ____юьхьан предложени________

б) Кхана сарахь со волчу волахьа. _________билгала-юьхьан предложени_

в) Гурахь ялта чудерзадо. ______________ билгалза-юьхьан предложени__

ТЕСТ 18. Цхьанатайпанара меженаш олу…

а) гергара маь1на долчу дешнех; б) алар а, яздар а цхьатерра долчу дешнех;

в) вовшашна юкъахь цхьаьнакхетаран уьйр йолчу дешнех+.

ТЕСТ 19. Къастамаш хуьлу…

а) цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а+;

б) буьззина а, буьззина боцу а; в) грамматически а, логически а.

ТЕСТ 20. Латтамийн дурсаш хуьлу…

а) бараман, бахьанин; б) хенан, меттиган+; в) даран суьртан, 1алашонан.

ТЕСТ 21. Предложенин шакъаьстина меженаш хуьлу…

а) кхачам, къастам, б) подлежащи, сказуеми; в) латтам, юххедиллар+.

ТЕСТ 22. Билгалдаха т1еэцна дешнаш:

а) доьзал, рицкъ, латта; б) стол, ведар, школа+; в) г1ант, кирхьа, нус.

ТЕСТ 23. Шен маь1не хьаьжжина подлежащи хуьлу…

а) долахь, юкъара; б) грамматически, логически+. в) лексически, омонимически.

ТЕСТ 24. Хандашах предложенехь … хуьлу.

а) лач кхачам; б) латтам; в) сказуеми+.

ТЕСТ 25. Дацаран дакъалг ца ц1ердешнашца … яздо:

а) къаьстина; б) цхьаьна+; в) наггахь къаьстина.

ТЕСТ 26. Караде г1алат.

а) тапаьлла, х1айтаьлла+; б) ца веанера, ма г1олахь; в) ловзура, доьшура.

ТЕСТ 27. Дешхьалхе орамах къаьстина язйо нагахь цу юккъе … нислахь.

а) айдардош; б) а, ца, ма+; в) хуттург.

ТЕСТ 28. Х1окху дешнашна юккъехь караде масдарш:

а) вада, кхалла, т1елаца; б) хаза, говза, буьрса; в) хаар, дешар, хьехар+.

ТЕСТ 29. Куцдашо …гойту.

а) х1уманан билгало; б) х1уманан масалла я рог1алла;

в) х1уманан тайп-тайпана билгалонаш+.

ТЕСТ 30. Ц1ерметдешнийн маса тайпа ду?

а) 12; б) 10.+ в) 8.

Нохчийн литературин тесташ /5 кл./

Тест 1. «Тамашийна олхазар» туьйранахь воккхачу стагана мичахь карийра и олхазар? Мича хьолехь дара иза?

а) луларчу кертахь, т1ам бойна; б) хьуьнхахь, ког бойна+;

в) новкъахь, г1ортанах ка тоьхна.

Тест 2. Маца, мичахь вина Саидов Билал?

а) 1910-чу шарахь Мескет1ахь; б) 1924-чу шарахь Г1ойт1ахь;

в) 1914-чу шарахь Махкат1ехь+.

Тест 3. Хьан кхоьллина Саидов Билалан нохчийн барта кхолларалле безам-марзо? Х1ун яра цуьнан ц1е?

а) ненананас, Самнат; б) йишас, Айзан; в) денанас, Зарета+.

Тест 4. «Майра к1ант Сулима» ц1е йолчу туьйранахь вуьйцучу хьоладен ц1е х1ун ю?

а) Сода+; б) Со1дал; в) Совбан.

Тест 5. Х1ун бахьана долуш, мича 1алашонца шайн ц1ера аравелира Сулима?

а) хьуьнахь талла ваха; б) къен, къена дай-наний кхаба+;

в) шен хьуьнарш гайта.

Тест 6. Мусаев Мохьмад маца, мичахь вина?

а) 1915-чу шарахь Бух1ан-Юьртахь+; б) 1920-чу шарахь Веданахь;

в) 1903-чу шарахь Хьалха-Мартан т1ехь;

Тест 7. Мусаев Мохьмадан дуьххьарлерачу дийцаран ц1е х1ун яра?

а) «Токхе гуьйре»; б) «Дашо гуьйре»+; в) «Беркате гуьйре».

Тест 8. Мусаев Мохьмадан «Ц1ен маьхьси» ц1е йолу произведени муьлхачу жанрехь язйина ю?

а) стихотворени; б) повесть; в) туьйра+.

Тест 9. Гацаев Саь1ид вина … шарахь.

а) 1933-чу; б) 1936-чу; в) 1938-чу+.

ТЕСТ 10. Нохчийн литературин бухбиллархо лору:

а) Ахмадов Муса; б) Бадуев Саь1ид-Салихь+; в) Гайсултанов 1умар.

Тест 11. Бадуев Саь1ид-Салихь вина ….

а) 1903-чу Соьлжа-Г1алахь+; б) 1908-чу шарахь Веданахь;

в) 1920-чу шарахь Шелахь.

Тест 12. Бадуев Саь1идан «Зайнди» ц1е йолчу дийцарехь волу коьрта турпалхо Зайнди маса шо кхечна вара цуьнан нана кхелхаш?

а) 5; б) 7+; в) 9.

Тест 13. Вовшашца бозабеллачу, исбаьхьаллин произведенин чулацам шайх лаьтташ болчу хиламех олу ….

а) олицетворени; б) идея; в) сюжет+.

Тест 14. Саракаев Хьамзатан дуьххьарлерчу стихотворенина зорба цуьнан маса шо кхечча тоьхна?

а) 12+; б) 14; в) 16.

Тест 15. «Дуьххьарлера хьуьнар», «Шира г1ап», «Эдалханан некъаш», «Малхана т1аьхьа», «Толамах тешарца» - мила ву х1окху произведенийн автор?

а) Саракаев Хьамзат+; б) Бадуев Саь1ид-Салихь; в) Саидов Билал.

Тест 16. Маца, мичахь вина нохчийн яздархо, поэт Мамакаев Мохьмад?

а) 1900-чу шарахь Хьалха-Мартан т1ехь; б) 1920-чу шарахь Г1ойт1ахь;

в) 1910-чу шарахь Т1ехьа-Мартан т1ехь+.

Тест 17. Мамакаев Мохьмадан дийцар ду «Баппа» ц1е йолуш. Нохчийн маттахь баппа ду, ткъа оьрсийн маттахь х1ун ю оцу зезаган ц1е?

а) Ромашка; б) Пион; в) Одуванчик+.

Тест 18. «Хала ма ду Нохчийн илли ала, цул а хала – нохчо хилла ваха». Хьан аьлла х1ара дешнаш?

а) Сатуев Хьусейна+; б) Мамакаев Мохьмада; в) Гацаев Саь1ида.

Тест 19. Литературин произведенехь исбаьхьчу дешнашца х1оттийначу 1аламан суьртах х1ун олу?

а) сюжет; б) кульминаци; в) пейзаж+.

Тест 20. Поэт хиларал сов кхин х1ун говзаллица болх бина Сулаев Мохьмада?

а) молла; б) лор+; в) хьехархо.

Тест 21. Нохчийн берийн яздархо, поэт волу Махмаев Жамалди а, цуьнан произведенеш а дика евза дешархошна. Маца язйина ю цуьнан «Маликат» ц1е йолу книга?

а) 1965-чу шарахь; б) 1967-чу шарахь; в) 1969-чу шарахь+.

Тест 22. Дукха инзаре пох1малла долуш хилла нохчийн халкъан поэт, этнограф, историк - Сулейманов Ахьмад. Цуьнан дахаран шераш … хилла.

а) 1910-1973; б) 1922-1995+; в) 1920-1998.

Тест 23. Къамелехь адамийн синхаам к1арг а беш, х1ума поэтически а, исбаьхьаллин а билгалонашца гойтучух х1ун олу?

а) эпитет+; б) эпиграф; в) эпилог.

Тест 24. «Бусалба сан Нохчийчоь», «Б1аьсте ер ю», «Стиглара д1абайна седа», «Аьрзунан илли»… Мила ву х1окху стихийн автор?

а) Рашидов Шаид; б) Арсанукаев Шайхи; в) Хатуев 1абдул-Хьамид+.

Тест 25. Кагерманов Докка Денисултанович вина ….

а) 1933-чу шарахь Г1ойт1ахь+; б) 1922-чу шарахь Олхазар-к1отарахь;

в) 1952-чу шарахь Мескер-эвлахь.

Тест 26. «Лаьмнашкахь 1уьйре», «Ц1еран суй», «Лакхенан г1иллакх», «Керла де» … Мила ву х1окху поэтически книгийн автор?

а) Мамакаев 1аьрби; б) Арсанукаев Шайхи+; в) Гайсултанов 1умар.

Тест 27. Массалг1ачу шарахь тиллина Рашидов Шаидна «Халкъан поэт» аьлла ц1е?

а) 2000-чу шарахь; б) 2003-чу шарахь; в) 2005-чу шарахь+.

Тест 28. Эдилов Хас-Мохьмадан дуьххьара стихотворени зорбане маца яьлла?

а) 1935-чу шарахь; б) 1937-чу шарахь; в) 1939-чу шарахь+.

Тест 29. Мамакаев 1аьрбин ден ц1е хилла…

а) Шарпудди; б) Шамсудди+; в) Шахьрудди.

Тест 30. «Со ца кхочуш меттиг а яцара, суна ца хууш экха-олхазаран бен а бацара цу Ц1ен-Бердан басешкахь…». Мила ву оцу дешнийн автор? Хьан аьлла уьш?

а) Абдуллаев Леча; б) Гадаев Мухьмад-Селахь+; в) Гацаев Саь1ид.

Нохчийн литературин тесташ /6 кл./

Тест 1. Муьлхачу илли юкъара ду х1ара мог1анаш?

Ва сарахь суьйренца, бузучу малхаца,

Гаьн т1е куьйра ва санна, ша дина хиъна,

Бен чохь леча ва санна, нуьйра чохь тавелла,

Сакъера аравелир, тов, ….

а) «Таймин Биболатан илли»; б) «Нохчийн шира илли»;

в) «Эвтархойн Ахьмадан илли»+.

Тест 2. «Наьрт-эрстхой кхерор» дийцарехь хьан кхерийра наьрт-эрстхой?

а) паччахьан эскаро; б) воккхачу стага+; в) кегийчу наха.

Тест 3. Гайсултанов 1умаран дахаран шераш хилла…

а) 1920-1979+; б) 1918-1958; в) 1903-1948.

Тест 4. Гайсултанов 1умаран «Нийса кхел» ц1е йолчу дийцаран коьртачу турпалхочун ц1е яра …

а) Дика; б) Дикалг+; в) Дикбер.

Тест 5. Мила ву х1окху мог1анийн автор?

«Хьаша вац со маьлхан хьаьттахь, йистера б1аьрг тоха веъна.

Со вага веъна кху лаьттахь, охане довха дог тесна …»

а) Сатуев Хьусейн+; б) Рашидов Шаид; в) Эдилов Хас-Мохьмад.

Тест 6. Маца, муьлхачу юьртахь вина Сатуев Хьусейн?

а) 1919-чу шарахь 1алхан-Г1алахь; б) 1929-чу шарахь 1алхан-Чуртахь;

в) 1939-чу шарахь 1алхан-Юьртахь+.

Тест 7. Муьлхачу произведени юкъара ду х1ара мог1анаш, мила ву автор?

… Къеначу ден-ненан ша цхьаъ бен воцуш,

Цу юьртахь кхуьура хьомсара к1ант.

Бохамо, цамгаро лацарна кхоьруш,

Цунна т1е хьийзара нана ц1е ерг.

а) Рашидов Шаид «Даймохк»; б) Сайдуллаев Хьасан «Ненан б1аьрхиш»+;

в) Сулаев Мохьмад «К1анте».

Тест 8. Нохчийн хьакъволчу поэтан Мамакаев 1аьрбин дахаран шераш хилла …

а) 1928-1968; б) 1918-1958+; в) 1908-1948.

Тест 9. Муьлхачу шарахь дуьйна йовза йолаелира Нохчийчохь поэзиезархошна Мамакаев 1аьрбин ц1е?

а) 1936-чу шарахь+; б) 1934-чу шарахь; в) 1938-чу шарахь.

Тест 10. Муьлхачу шарахь зорбатуьйхира Мамакаев 1аьрбин поэмийн, стихийн сборникана, х1ун яра цуьнан ц1е?

а) 1940-чу шарахь «Теркан тог1е»+; б) 1938-чу шарахь «Даймахке».

в) 1934-чу шарахь «Суьйренан ойланаш»;

Тест 11. Литературин произведенехь исбаьхьчу дешнашца х1оттийначу 1аламан суьртах х1ун олу?

а) сюжет; б) кульминаци; в) пейзаж+.

Тест 12. 1933-чу шарахь Мескетахь вина нохчийн г1араваьлла цхьа яздархо. Мила ву вай вуьйцург?

а) Ошаев Халид; б) Гайсултанов 1умар; в) Айдамиров Абузар+.

Тест 13. Къамелехь адамийн синхаам к1арг а беш, х1ума поэтически а, исбаьхьаллин а билгалонашца гойтучух х1ун олу?

а) эпитет+; б) эпиграф; в) эпилог.

Тест 14. «Даймехкан мукъамаш», «Гезгамаша», «Йилбазан оьмар» - мила ву х1ара ц1ерш йолчу книгийн автор, хьан язйина уьш?

а) Сулаев Мохьмад; б) Нунуев Сайд-Хьамзат+; в) Арсанукаев Шайхи.

Тест 15. Муьлхачу шерашкахь бина нохчийн евзаш йолчу поэтессас Ахматова Раисас хьехархочун болх.

а) 1936-1946-чуй шерашкахь; б) 1956-1966-чуй шерашкахь;

в) 1946-1956-чуй шерашкахь+.

Тест 16. Муьлхачу яздархоша езаялийтира Саракаев Хьамзатана исбаьхьаллин литература?

а) Айдамиров А., Гайсултанов 1., Бадуев С - С.;

б) Мамакаев М., Ошаев Х., Музаев Н.+; в) Сайдуллаев Хь., Сатуев Хь., Нунуев С – Хь.

Тест 17. Муьлхачу темина лерина яра Курумова Селимин ерриге а кхолларалла?

а) адаман дахар гайтар+; б) адаман г1ииакхаш-амалш гайтар;

в) адаман оьзда духар гайтар.

Тест 18. Яздархочун, поэтан корматалла хиларал совнаха Сулаев Мохьмадан кхин а муьлха говзалла хилла?

а) молла; б) хьехархо; в) лор+.

Тест 19. Сулаев Мохьмада Баку-г1алахь доьшуш чекх муьлха факультет яьккхира?

а) филологически; б) рабочи+; в) экономически.

Тест 20. Хьан кхоьллина Саидов Билалан нохчийн барта кхолларалле безам-марзо? Х1ун яра цуьнан ц1е?

а) ненананас, Самнат; б) йишас, Айзан; в) денанас, Зарета+.

Тест 21. Ошаев Халид Дудаевич ваьхна х1окху шерашкахь …

а) 1888-1967; б) 1898-1977+; в) 1908-1987.

Тест 22. Маца, мичахь вина Муталибов Зайнди?

а) 1922-чу шарахь Хоттаничохь+; б) 1912-чу шарахь Роьшничохь;

в) 1932-чу шарахь Таьнгичохь.

Тест 23. Нохчийн г1араваьллачу поэтан Рашидов Шаидан поэзин коьрта теманаш…

а) къоман шира 1адаташ 1орадахар; б) Даймохк, нана, безам+;

в) къоман г1иллакх-оьздангалла гайтар.

Тест 24. «Лаьмнашкахь 1уьйре», «Безаман шовда», «Ц1еран суй», «Кхолламан сизаш» - мила ву х1ара тайпана ц1ерш йолчу стихийн, поэмийн книгийн автор?

а) Рашидов Шаид; б) Мамакаев 1аьрби; в) Арсанукаев Шайхи+.

Тест 25. «Меттан сий» ц1е йолу ненан маттана лерина йолу стихотворени язйина…

а) Кибиев Мусбека+; б) Рашидов Шаида; в) Арсанукаев Шайхис.

Тест 26. «Со ца кхочуш меттиг а яцара, суна ца хууш экха-олхазаран бен а бацара цу Ц1ен-Бердан басешкахь…». Мила ву оцу дешнийн автор?

а) Абдуллаев Леча; б) Гадаев Мухьмад-Селахь+; в) Гацаев Саь1ид.

Тест 27. Маца, мичахь вина Дикаев Мохьмад?

а) 1931-чу шарахь Г1ойт1ахь; б) 1951-чу шарахь Гихт1ахь;

в) 1941-чу шарахь Берд - к1елахь+.

Тест 28. Вовшашца бозабеллачу, исбаьхьаллин произведенин чулацам шайх лаьтташ болчу хиламех … олу.

а) олицетворени; б) идея; в) сюжет+.

Тест 29. Х1ун яра 1962-чу шарахь араяьллачу Окуев Шимин дуьххьарлерчу поэтически книгин ц1е?

а) «Сан Кавказ»; б) «Сан Соьлжа-г1ала»; в) «Сан Шуьйта»+.

Тест 30. Адамна санна, садоцчу х1уманна т1едерзош дош аларан исбаьхьаллин кепах х1ун олу?

а) эпитет; б) олицетворени+; в) дустар.

Нохчийн литературин тесташ /7 кл./

ТЕСТ 1. Фольклор бохург х1ун ду нохчийн маттахь?

а) халкъан хьекъал+; б) поэзи; в) проза.

ТЕСТ 2. Муьлхачу илли т1ера ду х1ара дешнаш:

Да виса хьан дела1, ва мерза ва дуьне,

Хьо диънарг мила ву, бохуриг ва хилла?

а) «Зеламхин илли»; б) «Обарг Варин илли»; в) «Нохчийн шира илли»+.

ТЕСТ 3. Нохчийн литературин бухбиллархо … лору.

а) Ахмадов Муса; б) Бадуев Саь1ид-Салихь+; в) Гайсултанов 1умар.

ТЕСТ 4. Бадуев Саь1ид-Салихьан дахаран шераш ду:

а) 1886-1957; б) 1920-1987; в) 1903-1938+.

ТЕСТ 5. Мичахь вина ву Бадуев Саь1ид - Салихь?

а) Валарг т1ехь; б) Соьлжа - Г1алахь+; в) Махка т1ехь.

ТЕСТ 6. Стенна дуьхьал яздина ду Бадуевн «1адат» ц1е йолу дийцар?

а) нохчийн 1адаташна+; б) паччахьан 1едална; в) къелла цалаяларна.

ТЕСТ 7. Гайсултанов 1умаран дахаран шераш … ду:

а) 1902-1984; б) 1920-1979+; в) 1899-1985.

ТЕСТ 8. Гайсултанов 1умаран нохчийн халкъан барта кхолларалле боккха безам кхоьллира:

а) дас динчу весеташа; б) нахе дукха ладег1аро;

в) денанас дийцинчу туьйранаша+.

ТЕСТ 9. Гайсултанов 1умаран произведени «Болат-г1ала йожар» … ю:

а) повесть+; б) роман; в) поэма.

ТЕСТ 10. Кусаев 1адиз вина … районехь.

а) Веденски; б) Ножай-Юртовски+; в) Шалински.

ТЕСТ 11. 1898 - 1977 х1окху шерашкахь ваьхна яздархо ву:

а) Айдамиров Абузар; б) Мамакаев Мохьмад; в) Ошаев Халид+.

ТЕСТ 12. Муьлхачу произведени юкъара ду х1ара мог1анаш:

Ас инарла вийначул т1аьхьа дукха хан яьлла хир яцара. Сан дагна тосаделира мостаг1ийн окопаш чохь веана цхьа говза снайпер хилар…

а) «Алун шераш»; б) «Иччархо Абухьаьжа Идрисов»+; в) «Ч1ир эцар».

ТЕСТ 13. Нийса йоцу ц1ей, фамилий билгаъяккха:

а) Сулаев Мохьмад; б) Кусаев Салман+; в) Арсанукаев Шайхи.

ТЕСТ 14. Дикаев Мохьмад … вина.

а) Г1ойт1ахь; б) Гихт1ахь; в) Берд - к1елахь+.

ТЕСТ 15. Х1ара дешнаш ду … ц1е йолчу стихотворени юкъара:

Сайн хьешана мерза кхача, деган йовхо ца кхоийна,

Мостаг1чунна, бекхам боцуш, цхьа а зулам ца дитина.

а) «Даймехкан сурт»; б) «Нохчо ву со»+; в) «Сан Даймохк».

ТЕСТ 16. Мамакаев Мохьмад вина …

а) 1910-чу шарахь Т1ехьа - Мартан т1ехь+; б) 1916-чу шарахь Шуьйтахь;

в) 1920-чу шарахь Аргунехь.

ТЕСТ 17. Лаха-Неврехь йолу музей … ц1арах ю.

а) Рашидов Шаидан; б) Мамакаев 1аьрбин+; в) Ошаев Халидан.

ТЕСТ 18. «Берзан бекхам» стихотворени … язъйина.

а) Мамакаев 1аьрбис+; б) Гадаев Мохьмада; в) Сулейманов Ахьмада.

ТЕСТ 19. Яшуркаев Султанан «Напсат» ц1е йолчу дийцарехь х1ун гайтина автора?

а) нохчийн г1иллакх-оьздангалла; б) нохчийн шира 1адаташ;

в) махкаха даьккхинчу адамийн шайн ц1а са латтар+;

ТЕСТ 20. Мила ву х1окху стихотворенийн автор: «Ненан мотт», «Весет». «Лакхенан г1иллакх», «Ийманах дузийта дегнаш»?

а) Бексултанов Муса; б) Гацаев Саь1ид; в) Арсанукаев Шайхи+.

ТЕСТ 21. Жовзан, Рамзан, Симбай, Баймарза – муьлхачу произведенин турпалхой бу уьш, мила ву автор?

а) Мутаев Муса «Борз»+; б) Ящуркаев Султан «Напсат»;

в) Бадуев Саь1ид-Салихь «1адат».

ТЕСТ 22. «Ч1аг1о» стихотворенин автор … ву.

а) Бисултанов Апти; б) Гайсултанов 1умар; в) Шайхиев 1алвади+.

ТЕСТ 23. Лахарчу дешнийн автор ву:

«Исбаьхьа сан Даймохк! Хьан халкъан суй хилла,

Хьан дуьхьа вага кийча ву со валлалц, хьанала вецаш».

а) Окуев Шима+; б) Гадаев Мохьмад; в) Мутаев Муса.

ТЕСТ 24. Абдулаев Лечин «Къонахийн некъ хуьлуш бацийца атта» стихотворени … лерина ю.

а) Айдамиров Абузарна; б) Мамакаев 1аьрбина; в) Ахмадов Мусана+.

ТЕСТ 25. Айдамиров Абузар вина … шарахь… юьртахь:

а) 1933 – чу шарахь Мескет1ахь+; б) 1918 –чу шарахь Гуьмсег1ахь;

в) 1920-чу шарахь Роьшничохь.

ТЕСТ 26. «Нох, ц1е, чоь», «Цхьа илли», «Ткъесан 1индаг1»: Х1окху поэтически книгийн автор ву…

а) Рашидов Шаид; б) Хамидов 1абдул-Хьамид; в) Бисултанов Апти+.

ТЕСТ 27. Мила ву х1окху мог1анийн автор а, х1ун ю произведенин ц1е а?

Халкъана вахалахь цуьнан сий лардеш,

Ларлолахь, сийсазвен г1алатло йожарх.

Хьалха г1уо т1аьхьарчун вог1у некъ шарбеш,

Довзалахь дика, вон, цаьршиннан доза.

а) Рашидов Шаид «Ден весет»+; б) Окуев Шима «Гуьйре»;

в) Сулейманов Ахьмад «Шуьнехь дош»;

ТЕСТ 28. Гацаев Саь1ид вина … шарахь.

а) 1958-чу; б) 1923-чу; в) 1938-чу+.

ТЕСТ 29. Лоьран корматалла хилла волу поэт, яздархо… ву.

а) Гайсултанов 1умар; б) Дикаев Мохьмад; в) Сулаев Мохьмад+.

ТЕСТ 30. «Нохч-Г1алг1айчоьнан топоними» автор … ву.

а) Сулейманов Ахьмад+; б) Амаев Ваха-Хьаьжа; в) Бадуев Саь1ид

Нохчийн литературин тесташ /8 кл./

Тест 1. Маца, мичахь вина нохчийн халкъан поэт Арсанукаев Шайхи?

а) 1920-чу шарахь Веданахь; б) 1930-чу шарахь Дишни-Веданахь+;

в) 1940-чу шарахь Ц1ечу-Веданахь.

Тест 2. Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» ц1е йолу произведени муьлхачу жанрехь язйина ю?

а) повесть+; б) роман; в) поэма.

Тест 3. Стенах лаьцна дуьйцу гуьржийн яздархочо Л. Авалианис шен «Хьаькхна буц» ц1е йолчу дийцар т1ехь?

а) 100 дийнан т1амах; б) граждански т1амах; в) Алдахь хиллачу т1амах+.

Тест 4. Бадуев Саь1ид-Салихь вина ….

а) 1903-чу Соьлжа-Г1алахь+; б) 1908-чу шарахь Веданахь;

в) 1920-чу шарахь Шелахь.

Тест 5. Маца, муьлхачу газета аг1онаш т1ехь арайийлина Бадуев Саь1ид-Салихьан дуьххьарлера произведенеш?

а) 1924-1925 чуй шерашкахь «Къинхьегаман байракх»;

б) 1925-1926 чуй шерашкахь «Серло»+;

в) 1926-1927 чуй шерашкахь «Советская Автономная Чечня».

Тест 6. Нохчийн литературин бухбиллархо … лору.

а) Саидов Билал; б) Бадуев Саь1ид-Салихь+; в) Гайсултанов 1умар.

Тест 7. Исраил, Сапият, Элашби, Ваха – Бадуев Саь1ид-Салихьан муьлхачу произведенин турпалхой бу х1орш?

а) «Олдам»+; б) «1адат»; в) «1имран».

Тест 8. Мамакаев Мохьмадан дахаран шераш … ду.

а) 1918 - 1958; б) 1920 - 1979; в) 1910-1973+.

Тест 9. Мила ву нохчийн литературехь дуьххьара поэма язйинарг, маца язйина иза, х1ун хилла цуьнан ц1е?

а) Бадуев Саь1ид-Салихь 1929-чу шарахь «Пет1амат»;

б) Мамакаев Мохьмад 1928-чу шарахь «Ц1ий хуьйдина лаьмнаш»+;

в) Саидов Билал 1934-чу шарахь «Йиша-т1емало».

Тест 10. 1913-чу шарахь Белг1ата-Эвлахь дуьнен т1е ваьлла яздархо … ву.

а) Музаев Нурди+; б) Эдилов Хас-Мохьмад; в) Ошаев Халид.

Тест 11. Ахмадов Муса дуьххьара зорбане … ваьлла.

а) 1975-чу шарахь; б) 1978-чу шарахь; в) 1970-чу шарахь+.

Тест 12. Дукха инзаре пох1малла долуш хилла нохчийн халкъан поэт, этнограф, историк - Сулейманов Ахьмад. Цуьнан дахаран шераш … хилла.

а) 1910-1973; б) 1922-1995+; в) 1920-1998.

Тест 13. Муьлха поэмийн книга бахьана долуш, массалг1ачу шарахь хилира Сулейманов Ахьмадах Нохч-Г1айг1айн Пачхьалкхан совг1атан лауреат?

а) «Даймехкан некъаш» 1979-чу шарахь; б) «Цхьа-ши дош» 1989-чу шарахь»+;

в) «Лаьмнийн мукъамаш» 1985-чу шарахь.

Тест 14. «Нохчийн-Г1алг1айчоьнан топонимин» автор … ву.

а) Сулейманов Ахьмад+; б) Гадаев Мохьмад-Салихь; в) Бексултанов Муса.

Тест 15. Муьлхачу шарахь араелира Хасбулатов Ямлиханан стихийн хьалхара гулар, х1ун яра цуьнан ц1е?

а) 1967-чу шарахь «Догдикалла»; б) 1969-чу шарахь «Догдохийла»+;

в) 1965-чу шарахь «Догц1еналла».

Тест 16. Нохчийн поэт Эдилов Хас-Мохьмад вина … ц1е йолчу юьртахь … шарахь.

а) Махкат1е 1912-чу; б) Гихт1а 1932-чу; в) Валаргт1е 1922-чу+.

Тест 17. Произведенехь яздархочо гойтучу коьртачу ойланех …олу.

а) метафора; б) идея+; в) эпиграф.

Тест 18. Адамна санна, садоцчу х1уманна т1едерзош дош аларан исбаьхьаллин кепах х1ун олу?

а) эпитет; б) олицетворени+; в) дустар.

Тест 19. Литературин произведенехь исбаьхьчу дешнашца х1оттийначу 1аламан суьртах х1ун олу?

а) сюжет; б) кульминаци; в) пейзаж+.

Тест 20. Муьлха произведени ю х1окху дешнашца д1айолалуш? Мила ву цуьнан автор?

Денош кхуо дагар а ца дора. Хаьара, уьш дуккха а хир дуйла, амма и хьесапе а дацара. Коьрто шен болх бора, когаша некъ бустура. Цхьатеррачу эшарехь г1улчаш йохура цара, х1ара шайца волуш санна…

а) Л. Авалиани «Хьаькхна буц»; б) С. Бадуев «Олдам»;

в) Яшуркаев Султан «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх»+.

Тест 21. Нохчийн яздархойх, поэтех цхьамма М. Лермонтовн «Вайн заманан турпалхо» ц1е йолу роман нохчийн матте гочйина. Мила ву и яздархо я поэт?

а) Саидов Билал+; б) Супаев Руслан; в) Сулаев Мохьмад.

Тест 22. «Зайнап», «Дуьненна машар», «Деган аз», «Майра Сулима» - мила ву х1окху произведенийн автор?

а) Ахмадов Муса; б) Саидов Билал+; в) Саиев 1умар.

Тест 23. Яздархочун, поэтан корматалла хиларал совнаха Сулаев Мохьмадан кхин а муьлха говзалла хилла?

а) деши пхьар; б) лор+; в) иллиалархо.

Тест 24. Сулаев Мохьмада Баку-г1алахь доьшуш чекх муьлха факультет яьккхира?

а) юридически; б) реальни; в) рабочи+.

Тест 25. «Даймехкан мукъамаш», «Гезгамаша», «Йилбазан оьмар» - мила ву х1ара ц1ерш йолчу книгийн автор, хьан язйина уьш?

а) Сулаев Мохьмад; б) Нунуев Сайд-Хьамзат+. в) Арсанукаев Шайхи.

Тест 26. «Нох, ц1е, чоь», «Цхьа илли», «Ткъесан 1индаг1»: Х1окху поэтически книгийн автор ву…

а) Рашидов Шаид; б) Хамидов 1абдул-Хьамид; в) Бисултанов Апти+.

Тест 27. «Лаьмнашкахь 1уьйре», «Безаман шовда», «Ц1еран суй», «Кхолламан сизаш» - мила ву х1ара тайпана ц1ерш йолчу стихийн, поэмийн книгийн автор?

а) Рашидов Шаид; б) Мамакаев 1аьрби; в) Арсанукаев Шайхи+.

Тест 28. Муьлха ду дуьххьара нохчийн маттахь арадаьлла газета?

а) «Къинхьегаман байракх»; б) «Серло»;

в) «Советская Автономная Чечня»+.

Тест 29. Къамелехь адамийн синхаам к1арг а беш, х1ума поэтически а, исбаьхьаллин а билгалонашца гойтучух х1ун олу?

а) эпитет+; б) эпиграф; в) эпилог.

Тест 30. Массо а нохчочун гимн а хилла лаьтташ йолу «Нохчо ву со» стихотворени … язйина.

а) Бисултанов Аптис; б) Рашидов Шаида; в) Дикаев Мохьмада+.

infourok.ru

Урок чеченского языка "Коьрта а, коьртаза а меженаш"

Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш

Iалашо: Грамматически а, маьIнин а подлежащи а, сказуеми а, цуьнан

тайпанаш а карладахар. Ненан матте безам кхиор.

Дозуш долу къамел кхиор.

I. Хьехархочун дош

Вайна ма-хаъара, предложени екъало меженашка. Уьш хуьлу коьрта а, коьртаза а. Тахана вай карлайохур ю и меженаш.

Маса тайпана хуьлу подлежащи?

- Предложенин муьлхачу меженех олу сказуеми? Дийца цуьнан тайпанаш.

- Маца юьллу подлежащиний, сказуеминий юккъе тире?

- Муьлхачу меженех олу кхачам?

- Муьлхачу къамелан дакъойх кхоллало иза?

- Муьлхачу меженах олу къастам? Муьлхачу къамелан дакъойх кхоллало иза?

- Муьлхачу меженах олу латтам? Дийца цуьнан тайпанаш.

II. Iамийнарг карладаккхар

I. Кхочушдо № I65-гIа ш.

Делахь а, со бахьана долуш нахана лелачу сингаттамаша бIарзвина со.

Сих а ца луш, маьхьсеш а, мачаш а тIеюха волавелира воккхастаг.

Урамехь адамаш гучудийла девлира.

Безткъе бейтта кIур бара цу юьртах хьалаболуш.

- Муьлхачу къамелан дакъойх хилла уьш?

2. ДIаязйо предложенеш, синтаксически толлу уьш.

Мотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а уггаре а ца хилча йиш йоцу гIирс бу. Иза хьекъалан а, ойланан а хазна. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культуран бух бу. Иза кIорггера дика Iамор вайн декхар ду.

«Мотт ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре а мехала гIирс бу» хIунда аьлла?

Схьадийца К.Паустовскийс ненан маттах лаьцна аьллачу дешнийн маьIна.

Саидов Б. язйинчу «Ненан мотт» цIе йолчу а, Арсанукаев Ш. язйинчу изза цIе йолчу стихотворени тIера шайна дагадогIу строфаш дIа а еший, церан маьIнаш дийца.

- Ненан меттан маьIна муха лору поэта?

3. Барта кхочушдо 8I-гIа шардар.

Билгалйоху цхьалхечу предложенин кепаш (юьхьан, билгала – юьхьан, билгалза-юьхьан, юкъара-юьхьан, юьхьза).

4. ДештIаьхьенийн нийсаяздар карладаккхар.

Къовларш схьа а йоьллуш, дIаязъе.

ТIоьрмиг чу (дехкира), нанна (тIаьхьа) веара, жима кIант (тIе) веара, хи (чуьра) хьалаелира, сихха (чу) вахара, хенал (тIаьхьа) ян йолийра, машен (чохь) Iара, адамел (хьалха) вогIура, тхов (тIе) туьйхира, дитта (тIера) дуьйжира, меже (чуьра) яьккхира.

- ХIун башхаллаш ю дешхьалхеннийн, дештIаьхьенний юкъахь.

III. ЦIахь б/б. Шардар № I68-гIа. Карлаяха цхьанатайпанара а, шакъаьстина меженаш.

infourok.ru

Sehen Sie Online-Videos, Teilen Sie mit Freunden

RU
  • Home
  • Trending
  • Live TV
  • Home
  • Trending
  • Live TV
  • Subscriptions

Library

  • History
  • Watch later
  • Popular Right Now
  • Liked videos
  • My playlist

Best on Clip-Share

  • Film & Animation
  • Autos & Vehicles
  • Music
  • Pets & Animals
  • Sports
  • Gaming
  • Comedy
  • Entertainment
  • Howto & Style
  • Science & Technology

 

1:22Isoalliin und Alliinase sind ein Grund dafür, dass wir beim ...?ITOP Litle1:45How to not cry when cutting an onion! With Chris YoungChris Young Cooking7:37Công dụng và hướng dẫn làm TỎI ĐEN dễ làm và thành công - Nhận dạng cây thuốcKhám Phá Cuộc Sống1:28[Sức khỏe là vàng] Cách làm tỏi đen bằng nồi cơm điện tại nhàYuki Hien3:35IsoalliinWikiTubia1:59Isabelle ErtmannWikiTubia1:42:41Такой Москвы вы еще не видели. Прямая трансляцияЦарьград ТВ

Views 50K12 hours ago

17:31Прости папа.. Разбил и Перевернулся | Страшная Авария на папиной машинеTheWarpath

Views 753KDay ago

12:17Кухня. ПАРОДИЯOneTwo

Views 1.3MDay ago

07:09КОРОЧЕ ГОВОРЯ,КАРАНТИНPat04Chek

Views 394KDay ago

15:58Сериал ГАРАЖ 10 серия ДАЛЬНОБОЙЩИКИВиталий Орехов

Views 638KDay ago

15:32"Приняты неверные решения!" - Дмитрий ПотапенкоДмитрий ПОТАПЕНКО

Views 294K17 hours ago

05:15Моя НЕВЕРОЯТНО правдивая история: Арнольд ШварценеггерDobryak

Views 842KDay ago

14:54КАК ОТРЕАГИРОВАЛИ ПИРАНЬИ, КОГДА Я ЗАЛЕЗ К НИМ В АКВАРИУМ?M EVERYDAY

Views 2.2MDay ago

1:47:40BRAVO JAMOASI KONSERT DASTURI 2019Bravo jamoasi

Views 945K19 hours ago

11:19ДРУЗЬЯ НАВСЕГДАTheBrianMaps

Views 2.2MDay ago

19:59Wir testen TIKTOK FOOD LIFEHACKS ♪🌮 mit Joeys JungleCrispyRob

Views 504KDay ago

13:55GEBURTSBERICHT - Unsere Tochter Emily ist da 👶🏼🎀 | BibiBibisBeautyPalace

Views 1.3MDay ago

11:18Ich bin Tänzer die Jungs sind Sänger II | Shayan GarciaShayan Garcia

Views 209KDay ago

07:18Corona: Die absurde Geschichte der Patientin 31Simplicissimus

Views 378KDay ago

10:502 IDIOTEN FRITTIEREN ALLES in XXL mit CrispyRob | Joey's JungleJoey's Jungle

Views 403KDay ago

02:29LOREDANA X ZUNA - DU BIST MEIN (prod by SRNO)LOREDANA

Views 4.9M3 days ago

05:05Roby Facchinetti - Rinascerò, RinasceraiRoby Facchinetti

Views 5M3 days ago

30:35tagesschau 20:00 Uhr, 29.03.2020tagesschau

Views 713KDay ago

07:16Why I Don't Like ReadingJaiden Animations

Views 2.3MDay ago

03:02How To Properly Wash Your HandsHowToBasic

Views 666KDay ago

10:04Erkennst DU den Promi? (mit Papaplatte)World Wide Wohnzimmer

Views 230KDay ago

11:38Coronavirus: Nachrichten zur weltweiten LageDW Deutsch

Views 318KDay ago

16:47S63 AMG von Rapper Eno I GRIPGRIP - Das Motormagazin

Views 133KDay ago

04:58Janine packt aus: Das ist der wahre Grund der Trennung! | Promis unter Palmen | SAT.1SAT.1

Views 102K2 days ago

05:43Samurai & Shogun (Rick and Morty) | adult swimAdult Swim

Views 4.3MDay ago

24:54Updated House Tour! Being SINGLE and Quarantinedjeffreestar

Views 8M2 days ago

03:09Lehrling VS. RadladerVarion

Views 851KDay ago

04:37die ärzte - Ein Lied für Jetzt (offizielles Video)bademeisterTV

Views 2.3M3 days ago

03:25Kontra K - Puste sie weg (Official Video)Kontra K

Views 1.7M3 days ago

02:38Ufo361 - "Allein sein"Stay High

Views 1.8M3 days ago

13:41Hyundai i30 N | Mein erster Eindruck | Matthias MalmedieMatthias Malmedie

Views 255K2 days ago

16:39Unfall mit dem Pferdeanhänger | Dumm TüchDumm Tüch

Views 191K2 days ago

21:08ich habe meine Augenbrauen abrasiert & meine makeup therapy hat mich hops genommenMarvyn Macnificent

Views 225KDay ago

12:36iPad Pro (2020) UNBOXING! Mehr Neues als gedacht? - felixbaFelixba

Views 300K2 days ago

02:14Symba - Angels SippenCrybaby335

Views 368K3 days ago

1:08:21SCOOTER LIVE - I WANT YOU TO STREAM !!!Scooter

Views 505K3 days ago

11:53Richtig oder Schläge kassieren - Mit Julien BamRezo ja lol ey

Views 511K2 days ago

33:5230 MIN ABS & BOOTY - Let's train together / No Equipment I Pamela ReifPamela Reif

Views 419K2 days ago

03:12LUCIANO - TRIPPINLOCOSQUAD

Views 1.2M3 days ago

01:27Lehrling VS. Radlader l Outtakes #17flovarion

Views 58KDay ago

03:28AK AUSSERKONTROLLE x SHINDY - HOOD (prod. OZ & Nils)AK AUSSERKONTROLLE

Views 997K3 days ago

10:24Werbung vs Realität: KRANKE Beauty NEUHEITEN von TikTok &coKim Lianne

Views 318KDay ago

10:05Corona-Krise USA: Wie geht Amerika unter Trump mit der Krise um? | Galileo | ProSiebenGalileo

Views 150KDay ago

03:13Kay One - MONEY STACKS (prod. by Adrian Louis)Kay One

Views 488K3 days ago

03:25Mois ft. ???? & ???? VORBEI (prod. by Aside & HNDRX)KELLER

Views 846K3 days ago

10:01Harte Worte zu Johanna: "Sie hat ein Problem mit ihrem Selbstwertgefühl" | GNTM 2020 | ProSiebenGermany's next Topmodel

Views 190KDay ago

02:54Silbermond - Machen wir das Beste draus (homerecordings)Silbermond

Views 194K3 days ago

01:58Filmzitate & Google Übersetzercoldmirror

Views 345K3 days ago

13:37UMSCHREIB MAL! Renzo ist definitiv ein Kinderhasser ... schadeBulien Jam

Views 488K2 days ago

26:48PewDiePie! - We built you a gaming PC!Linus Tech Tips

Views 2.2M2 days ago

02:19FARID BANG - "QUAVO" [official Video]Farid Bang

Views 782K3 days ago

18:22Rauswurf für Johanna! Der neue Alltag der Ex-GNTM Kandidatin 1/2 | Let's Face Reality

clip-share.net

Предложенин коьрта меженаш. Подлежащи - внеурочная работа, презентации

Тема: « Предложенин коьрта меженаш. Подлежащи»

1алашонаш:

1.1аморан: а) хаа деза муха х1утту предложенин грамматически бух:

                        подлежащина а, сказуемина а  юкъахь йолу уьйр;

                     б)хаа деза, нохчийи грамматикехь оьрсийн санна подлежащи

               цахилар. Нохчийн грамматикехь подлежащи хила тарло

                ц1ерниг, доланиг, дийриг, лург, меттигниг дожаршкахь.

3.Кхиаран: дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;

4.Кхетош-кхиоран:  нохчийн  меттан  хазалла, цуьнан  марзо  дешархошна   йовзийтар, берийн  нохчийн  матте, махке  безам  кхиор;

Урокан тайпа -    Хаарш  шордаран, кхиоран, тIечIагIдаран урок. 

                   Урок д1аяхьар.

Ойла тIеерзор (мотивация)

                                      Маьрша дог1ийла шу, хьоме бераш!

                                      Тахана  вай цхьаьна д1ахьур ду

                                      Нохчийн мотт 1аморан сахьт

      

 

Мотт ца хилча  къам ца хуьлу,

Матто кхуллу Даймохк а.

Т1едиллар:1.Муьлха къамелан дакъа ду вай билгалдаьхнарш?

                                  2.Предложенехь муьлха меже хуьлий лела?

I. Ц1ахь бина болх таллар.

Карладаккхарна хаттарш:

1.Стенах олу предложени?

2.Преложенин муьлха тайпанаш девза шуна?

3.Х1ун башхо ю предложенешний,дешнийн цхьаьнакхетаршний юкъахь?

4.Дешнийн цхьаьнакхетарш,предложенеш 1амочу 1илманан декъах х1ун олу?

 

II. Керла коьчал йовзийтар

Т1едиллар: предложенешкара грамматически бух схьаязбе

  1. Г1овг1анца ха хоьрцу Органо.
  2. Чхеран бердех тулг1еш етта цо.
  3. Шолг1аниг т1евеара суна.
  4. Воккханиг хаза вистхилира.
  5. Даа-мала шортта дара х1усамехь.
  6. Йоккха стаг меллаша д1айолаелира.
  • Хаьара
  •        Предложенин коьрта меже;
  • Мила?Муьлш?Х1ун? -  хаттаршна  жоп  ло;
  •  Предложенехь  сказуемино  шех  лаьцна дуьйцу;
  • Дукха хьолахь ц1ердашах, ц1ерметдашах лаьтта;
  • Сказуемица уьйр хуьлу;
  •                        Буха  _________ хьокху

Хии

             Бакъо– г1оьнча:

            т1ера _____ хаттар?

   2.Дешнийн цхьаьнакхетарх  а,  иштта  тайп-тайпанчу  къамелан  дакъойх   лаьтта

3.Мила?Муьлш?Х1ун?  Хьенан? Стенан?   Хьан?Стен? Хьанна?Стенна?

                                  Хьаьнга?Стенга?- хаттаршна  жоп  ло;

1амийнарг т1еч1аг1дар:

I.Тесташца болх

II.Тобанашкахь болх (вовше толлу)

1 вариант шардар 51 (1-4-г1а  предл.)

Къовларшна юккъехь долчу хаттарийн меттана маь1ница дог1у дешнаш х1иттош,схьаязъе предложенеш.Караде подлежащеш

 

2 вариант-шардар 51 (5-7-г1а  предл.)

Къовларшна юккъехь долчу хаттарийн меттана маь1ница дог1у дешнаш х1иттош,схьаязъе предложенеш.Караде подлежащеш

 

  • Урокан жам1 дар
  • Стенах лаьцна дийци вай тахана?
  • Нохчийн маттахь маса дожарехь лела подлежащи?
  • Маса тайпана хуьлу подлежащи?
  • Стенца билгалдоккху вай подлежащин тайпанаш?
  •  
  • Рефлекси
  • Хазахийтин шуна вай таханлера урок?
  • Подлежащих лаьцна керла х1ун хии шуна?
  • Цакхеташ дисина х1умма а дуй?
  • Ц1ера болх 8-г1а бакъо 1амае
  • 50-г1 шардар кхочушде.
  • Синквейн
  • Подлежащи
  • Грамматически, логически
  • Ц1ейоккху, хийцало, уьйр латтайо
  • Предложенин  коьрта  меже  ю
  • Бух.

Просмотр содержимого документа
«предложенин коьрта меженаш. Подлежащи »

5-чу классехь нохчийн меттан урок

« Предложенин коьрта меженаш. Подлежащи»

Х1оттийнарг Момуева Дагман Ширваниевна

Мотт ца хилча къам ца хуьлу,

Матто кхуллу Даймохк а.

  • Т1едиллар:1.Муьлха къамелан дакъа ду вай билгалдаьхнарш?

2.Предложенехь муьлха меже хуьлий лела?

Урокан ц1е:

Предложенин коьрта меженаш. Подлежащи.

Урокан тайпа

Хаарш шордаран, кхиоран, т I еч I аг I даран урок.

1алашонаш

1аморан: 1) хаа деза муха х1утту предложенин грамматически бух: подлежащина а, сказуемина а юкъахь йолу уьйр;

2) хаа деза, нохчийи грамматикехь оьрсийн санна подлежащи цахилар. Нохчийн грамматикехь подлежащи хила тарло ц1ерниг, доланиг, дийриг, лург, меттигниг дожаршкахь.

  • Кхиаран: дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;
  • Кхетош-кхиоран: нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна йовзийтар, берийн нохчийн матте, махке безам кхиор ;

Карладаккхарна хаттарш:

  • 1.Стенах олу предложени?
  • 2.Преложенин муьлха тайпанаш девза шуна?

3.Х1ун башхо ю предложенешний,дешнийн цхьаьнакхетаршний юкъахь?

  • 4.Дешнийн цхьаьнакхетарш,предложенеш 1амочу 1илманан декъах х1ун олу?

Грамматически бух. Подлежащи.

Хаьара

Д1аеша бакъо

  • Предложенин коьрта меже;
  • Мила? Муьлш?Х1ун?- хаттаршна жоп ло;
  • Предложенехь сказуемино шех лаьцна дуьйцу;
  • Дукха хьолахь ц1ердашах, ц1ерметдашах лаьтта;
  • Сказуемица уьйр хуьлу;
  • Буха _________ хьокху

Т1едиллар: предложенешкара грамматически бух схьаязбе

  • Г1овг1анца ха хоьрцу Органо.
  • Чхеран бердех тулг1еш етта цо.
  • Шолг1аниг т1евеара суна.
  • Воккханиг хаза вистхилира.
  • Даа-мала шортта дара х1усамехь.
  • Йоккха стаг меллаша д1айолаелира.

Бакъо - г1оьнча: Сказуемина т1ера хаттар даларца схьалоху подлежащи .

Талла вай?!

  • Ха хоьрцу Органо
  • Тулг1еш етта цо
  • Шолг1аниг т1евеара
  • Воккханиг вистхилира
  • Даа-мала дара .
  • Йоккха стаг д1айолаелира.

Подлежащи

Предложенин коьрта меже;

  • Мила?Муьлш?Х1ун? - хаттаршна жоп ло;
  • Предложенехь сказуемино шех лаьцна дуьйцу;
  • Дукха хьолахь ц1ердашах, ц1ерметдашах лаьтта;
  • Сказуемица уьйр хуьлу;
  • Буха _________ хьокху

Хии

Бакъо– г1оьнча:

1. т1ера _____ хаттар?

2.Дешнийн цхьаьнакхетарх а, иштта тайп-тайпанчу къамелан дакъойх лаьтта

3.Мила?Муьлш?Х1ун?

Хьенан? Стенан?

Хьан?Стен? Хьанна?Стенна?

Хьаьнга?Стенга?-

хаттаршна жоп ло;

Дагахь латтаде!

Подлежащи хуьлу:

  • Тайп-тайпанчу къамелан дакъойх (ц1ердашах,билгалдашах, ц1ерметдашах,терахьдашах …)
  • Дешнийн цхьаьнакхетарх

Бакъо – г1оьнча: подлежащи схьакаро атта ду, нагахь санна сказуемина т1ера хаттар лахь.

Подлежащин тайпанаш

1.Грамматически- ц1ерниг дожар

Т1екхечи дашо гуьйре (х1ун?)

Ахьмад (мила?)дика доьшуш ву.

Бераш (муьлш?) буьрканах ловзу

2.Логически- доланиг,лург,дийриг,меттигниг

  • Седин институте яха ойла ю.
  • Лизина хаза яздан хаьа
  • Ахьмада дика доьшу.
  • Асете байт сиха 1амало.

Айхьа-хьуо талла!

1-ра вариант

Т1едиллар: Подлежащи ц1ердашах лаьтта предложенеш билгалъяха

  • Маь1-маь1нехь бухдуьйлу шовданаш.
  • Диттийн 1индаг1аша шелдо уьш.
  • Бухарчу жаг1ано серладоху.
  • Шах-ших деш,схьахьоькху байн мох.

2-г1а вариант

Т1едиллар: Подлежащи ц1ерметдашах лаьтта предложенеш билгалъяха

  • Дог хьоьсту мохо.
  • Кийрара г1айг1а-бала д1аоьцу цо.
  • Суна дика евза и йо1.
  • Иза тхан юьртара ю.

Толлу вай!

1 вариант

2 вариант

1,3,4

2,3,4

1амийнарг т1еч1аг1дар

1 вариант шардар 51 (1-4-г1а предл.) Къовларшна юккъехь долчу хаттарийн меттана маь1ница дог1у дешнаш х1иттош,схьаязъе предложенеш.Караде подлежащеш

2 вариант-шардар 51 (5-7-г1а предл.)

  • Къовларшна юккъехь долчу хаттарийн меттана маь1ница дог1у дешнаш х1иттош,схьаязъе предложенеш.Караде подлежащеш

Талла вай?!

1.Йо1ана.

2.Стага.

3.Йо1.

4.Ши б1аьрг

5.Бераш.

6.Берийн.

7.Са1идана

Урокан жам1 дар

  • Стенах лаьцна дийци вай тахана?
  • Нохчийн маттахь маса дожарехь лела подлежащи?
  • Маса тайпана хуьлу подлежащи?
  • Стенца билгалдоккху вай подлежащин тайпанаш?

Синквейн

  • Подлежащи
  • Грамматически, логически

Ц1ейоккху, хийцало, уьйр латтайо

  • Предложенин коьрта меже ю

Бух.

Рефлекси

  • Хазахийтин шуна вай таханлера урок?
  • Подлежащих лаьцна керла х1ун хии шуна?
  • Цакхеташ дисина х1умма а дуй?
  • Тахана массара аьлла дика болх би.
  • Баркалла шуна!

Ц1ера болх

  • «Вай нохчий ду. Веза-Воккхачу Дала кхоьллина вай нохчий. Цо белла вайна нохчийн мотт а.
  • Ненан мотт - х I ун хир ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?!
  • Ненан матто Iамадо вай Даймохк беза, цо I амадо вайна нохчийн оьзда г I иллакхаш, ламасташ. Цо I амадо вай Дуьненан а, Адаман а хазалла йовза».
  • /Арсанукаев Шайхи /
  • 8-г1а бакъо 1амае
  • 50-г1 шардар кхочушде.

kopilkaurokov.ru

вопросу к зачету по чеченскому яз. в 5 кл


5 классананохчийн меттан зачетана вопросаш:
Стенах олу синтаксис?
Стенах олу дешнийн цхьанакхетар?Даладе масалш.
Стенах олу предложени?Маса тайпа ду предложенийн?Дийца царех лаций масалшца.
Предложенин корьта меженаш стенах олу? Маса ю уьш? Дийца царех лаций.Масалш даладе.
Предложенин коьртаза меженаш стенах олу?
Дийца къастам, кхачам, латтам стенах олу?Даладе масалш предложенешца.
Яржазий, яьржиний предложенеш стенах олу? Даладе масалш.
Предложенин цхьанатайпанара меженаш х1ун ю? Даладе масалш.
Цхьанатайпанарчу меженашкахь юкъара дешнаш а, хуттургаш стенах олу? Даладе масалш.
Стенах олу т1едерзар?Т1едерзарехь сацаран хьаьркаш? Даладе масалш.
Дийца цхьалхечу а, чолхечу а предложнех лаций.Масалш даладе.
Чолхечу предложенешкахь хуттургаш язъяран бакъо йийца.
Ма-дарра къамел стенах олу?Х1ун сацаран хьаркаш х1иттайо ма-дарра къамелехь?
Диалог стенах олу? Даладе масалш.
Маса элп ду нохчийн маттахь? Маса мукъа ду? Маса мукъаза?
Стенах олу мукъа а, мукъаза а аьзнаш?
Стенах олу дифтонг?
Стенах олу лексика?
Стенах олу синонимаш, антонимаш, омонимаш? Даладе масалш.
Стенах олу дешнийн ч1аг1делла цхьанакхетарш? Даладе масалшСтенах олу дешнийн кхолладалар?Дийца дошкхолладаларан некъех лаций.
Стенах олу чакккхе, орам, суффикс, дешхьалхе?Даладе масалш.
Дийца суффиксийн тайпанех лаций.
Стенах олу ц1ердош?Муха хийцало и?
Дийца цхьаллин а, дукхаллин а терахьех лаций.
Дийца ц1ердешнийн грамматически классашшах лаций.
Ц1ердешнийн дожарш стенах олу? Маса ду уьш, дийца царех лаций масалш а далош.
Ц1ердешнийн легарш стенах олу?. Маса ду уьш?Даладе масалшХьехархо:Джабирова Мата Казбековна
Стенах олу синтаксис?
Стенах олу дешнийн цхьанакхетар?Даладе масалш.
Стенах олу предложени?Маса тайпа ду предложенийн?Дийца царех лаций масалшца.
Предложенин корьта меженаш стенах олу? Маса ю уьш? Дийца царех лаций.Масалш даладеПредложенин коьртаза меженаш стенах олу?
Дийца къастам, кхачам, латтам стенах олу?Даладе масалш предложенешца.
Яржазий, яьржиний предложенеш стенах олу? Даладе масалш.
Предложенин цхьанатайпанара меженаш х1ун ю? Даладе масалш.
Цхьанатайпанарчу меженашкахь юкъара дешнаш а, хуттургаш стенах олу? Даладе масалш.
Стенах олу т1едерзар?Т1едерзарехь сацаран хьаьркаш? Даладе масалш.
Дийца цхьалхечу а, чолхечу а предложнех лаций.Масалш даладе.
Чолхечу предложенешкахь хуттургаш язъяран бакъо йийца.
Ма-дарра къамел стенах олу?Х1ун сацаран хьаркаш х1иттайо ма-дарра къамелехь?
Диалог стенах олу? Даладе масалш.
Маса элп ду нохчийн маттахь? Маса мукъа ду? Маса мукъаза?
Стенах олу мукъа а, мукъаза а аьзнаш?
Стенах олу дифтонг?
Стенах олу лексика?
Стенах олу синонимаш, антонимаш, омонимаш? Даладе масалш.
Стенах олу дешнийн ч1аг1делла цхьанакхетарш? Даладе масалшСтенах олу дешнийн кхолладалар?Дийца дошкхолладаларан некъех лаций.
Стенах олу чакккхе, орам, суффикс, д

schoolfiles.net


Смотрите также

Читать далее

Контактная информация

194100 Россия, Санкт-Петербург,ул. Кантемировская, дом 7
тел/факс: (812) 295-18-02  e-mail: Этот e-mail защищен от спам-ботов. Для его просмотра в вашем браузере должна быть включена поддержка Java-script

Строительная организация ГК «Интелтехстрой» - промышленное строительство, промышленное проектирование, реконструкция.
Карта сайта, XML.